Соьлжа-ГIалара аэропорте шен пассажирна тIехь вахна ГIалгIайчуьрчу Назранан кIоштан Кантышеван эвлара таксин белхало Арсаев Адам тIепаза вайна.
"Фортанган" хаамца, Арсаевца зIе хаьдда Чиллан-беттан 6-чу буса. Цуьнан гергарчарна хаьа Соьжа-ГIаларчу аэропортера зудчунна дуьхьал ваха цуьнга заказ кхаьчнийла.
Селхана дийнахь Арсаевн машен карийра ГIалгIайчоьнан Сипцой-ГIалахь (Сунжа). Цу чохь дара кехаташ, йиъ мобилан телефон, кхоъ эзар доллар ахча а, зударийн хIуманаш чохь йолу тIоьрмаг а, хаамбо "Ингушетия" газетано. Хаамийн гIирсо бахарехь, Арсаев а, цуьнан пассажир а тIепаза дар полицино толлуш ду.
Арсаев схьаваьллачу тайперачу наха видеокхайкхам бина, Арсаев карийна, бохуш интернетехула баьржина хаамаш харцбеш. "Иза харцдерг ду. Пхеа кегийчу берийн да ву иза. Доьху, муьлхха а тхан стагах лаьцна шайна бевза хаамаш тхоьга схьакхачор", - даладо церан дешнаш "Фортанга" ресурсо.
ТIаьхьо ХIирийчуьра ММА-н латархочо Гаглоев Георгийс видеокхайкхам дIаязбира. Цо дийцира Арсаевн пассажир хилла и зуда шен ден йиша Гаглоева Римма хилар. Цо бахарехь, яхначу буьйсанна ГIалгIайчоьнан Талламан комитетехь цуьнга тIепаза байнарш Нохчийчуьрчу цхьахйолчу полицин декъехь бу, Iуьйранна дIа а хоьцур бу, аьлла хаам бира, амма тIаьхьо цара шаьш харц бора и хаам. Иштта Гаглоевга, тIечIагIбина боцу, "бахара-элира" бохучу маьIнехь хаам кхаьчна, таксистан машенна тIехьахIоьттина йогIуш хиллачу машенахь Арсаев а, Гаглоева а юханехьа Нохчийчу дIадигина аьлла.
- ХIора шарахь Нохчийчохь 100 эзарна юккъера тIепаза вов 110 стаг. Иза 4-за дукха ду Оьрсийчуьра юккъерчу терахьца дуьстича.