ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра ЦПЭ-н хьаькам вен кечамбарна бехкевечун адвокато дIахьедина талламбар дахдина аьлла


ЦПЭ-н хьаькам Эльджаркиев ИбрехIим вийначу меттигехь Москвахь, 2019 шо

Бакъо йоцуш герз лелорна а, террорхойн юкъараллехь дакъалаьцна а ву аьлла бехкевечу Картоев Iусманан адвокато дIахьедина, бехкбиллар шайггара хиларх а, бехктакхаман гIуллакх таллар дIадахдарх а. Цунах лаьцна хиъна дIасавалар кхин дIа а доьхкуш Буьри-ГIалин Советский кIоштан кхелан кхеташо йирзинчул тIаьхьа. Талламо бехкево иза экстремизмна дуьхьалойаран Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вуьйш декъах хилла ву бохуш.

Ницкъахойн версица, Картоевс а, кхинболчара а террорхойн юкъаралла вовшахтоьхна, "Белхороев БатIал-Хьаьжин некъахула боьлхучийн вирдан тIема га". 2019-чу шеран лахьан-баттахь Москвахь Iаш бара боху уьш, цигахь герз тоьхна вийра ЦПЭ-н куьйгалхо а, цуьнан ваша а. Талламна хетарехь, зуламна кечлучу юкъана Картоев Iусмана къайлах Москвахь хан йаккха хIусам йеллера цаьрга.

2023-чу шеран дечкен-батте кхаччалц чохь вуьтуш, дIадахдина Картоев лацар. Бехкевечун адвокато чIагIдо, цунна биллина бехк бух боцуш бу, шен хенна талламан барамаш дIа а ца баьхьна, гIуллакх таллар дахдо бохуш. Оцу факташца адвокато дийхира дIасавалар дехка Iалашонца барам билгалбоккхучу хенахь кIеданиг харжахьара аьлла. Шена дохку бехкаш Картоевс тIе ца лаьцна, дуьхьал хилла мукIарло дан а.

"Толлуш долу зуламаш террорхойн юкъараллина юкъахь дина ду, цуьнан боллу декъашхой билгалбаьхна а, лецна а бац, церан цхьа дакъа дуьненаюкъарчу лехамашка делла ду. Оцу кепара гIуллакх хилча бехкевийриг, маршонехь витахь, гIуллакхехула талламаш дIабахьа цунах новкъарло хила тарло", аьлла, сацамбина кхело. Иштта кхелахочо ца луьстуш дитина иза бехке цахиларх адвокато чуделла дIахьедар, дIасавалар доьхкучу юкъанна къастон оьшуш хIума дацара и аьлла.

"Ингушетия" телеграм-канало марсхьокху-баттахь зорбанебаьккхира хаам, ФСБ-н а, ЦПЭ-н а белхахоша Картоев Асхьаб лацарх, шен вешица Картоев Iусманца ("Iаьржа Iусман") "дакъалаьцна терроран юкъаралли юккъехь, герз а, патармаш а латтийна, иштта республикехула дIасабоьлхуш конспираци а лелийна, лоьхуш болчарна тховкIело латтийна" аьлла. Постаца цхьаьна оперативан видео а, суьрташ а дара.

Эльджаркиев верца доьзна гIуллакх листина даьлла аьлла, кху деношкахь хаамбира Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Бехке ву аьлла, билгалваьккхина терррорхойн юкъараллин итт декъашхо ву, церан ву боху лидер Полонкове Хьасан ву.

  • 2019-чу шеран лахьан-беттан 2-хь Москвахь герз диттина вийра гIалгIан ЦПЭ-н куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим. Цуьнца цхьаьна вийра цхьахйолчу Москварчу клиникехь лоьран болх беш хилла цуьнан ваша а. Бакъоларъяран органашна хетарехь, иза веран бахьана дара гIалгIайн "Э" Центран куьйгалхо иза хилар а, батIалхьажойн цхьахволу хьалханча -Белхароев ИбрахIим- верна иза бехкехетар а.
  • БатIалхьажойн куьйгалхо Белхороев Якъуб 2020-чу шеран товбеца-беттан 10-хь лецира. Цул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан Къоман гуламан депутатан мандатех ваьккхира иза, тIаккха "Единая Росиия" партера дIаваьккхира. Иза дIалаьцначул тIаьхьа вежараллин 12 декъашхочунна терроран юкъаралла кхолларна а, теракт ярна а бехкаш дехкира.
  • БатIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG