ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу жигархочо шайн реза дацарш довзийтина, Кадыровн кхайкхамна жоп луш



Султыгов Сараждин
Султыгов Сараждин

ГIалгIайчуьрчу "Мекх-Кхел" юкъараллин вовшахтохаран гIантдех цхьаъ волчу Султыгов Сараждина шаьш реза доцучу кхаа хIуманах лаьцна дийцина, Кадыров Рамзана ша бехке хетарг хаийта шена 3 де далале аьлла гIалгIашка бинчу кхайкхамна жоп луш. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино.

Хьалхара реза цахилар доьзна ду территорин хаттарца, шолгIа – нохчийн Iедалхоша гIалгIайн юкъараллин жигархошна дуьйцург, ткъа кхаалгIа – тIом боьдуш Соьлж-ГIалахь бехаш хиллачу ГIалгIайчуьра мухIажаршца лелориг.

"Юхаяккха цхьа гIулч. Латтанца доьзначу хаттарехула шина агIонан комиссеш охьаховшае, таро ло царна болх бан. И тайпа аьтто бацахь хаам бе тхоьга", – дIахьедина Султыговс шен видеокхайкхамехь. Иза гIалгIайн маттар гочдар дала до "Фортанга" зорбан гIирсо. Юкъараллин жигархочо иштта ваIда дагадаийтина ХашиевгIеран тайпа даьхна хилла территореш дIахоьцур ю аьлла, цо чIагIдарехь, нохчийн Iедалша дина долу.

"Цкъа аьллера аш и территореш д1ахоьцур ю аьлла, Хашиевг1еран тйпа дехаш хилла йолу. Цигахь г1алг1айн кешнаш ду. Вай дала дезаш ма ду, вай бусалбанаш ма ду, Далла дуьхьал даха дезаш долу. Оццул хала хаттар ма дац иза, Рамзан,вайн халкъашна юкъахь ц1ийн т1адам 1ано оьшуш ма дац иза", - аьлла Султыговс.

"Мекх-Кхел" юкъараллин вовшахтохараллин гIантдас хьахийна Кадыровга ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара дозанаш билгалдаха шина агIонан комисси кхоллаезара аьлла. Султыговс иштта дехар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга, нохчийн Iедалхой ГIалгIайчоьнна ма лейтахьара аьлла.

"Вежарийн юкъаметтигех лаьцна дийцира ахь. Ларде и хьал иза цхьана агIор цахилийта. Тхуна дуьхьал цхьа гIулч яккха, оха кхо гIулч йоккхур ю! ТIаккха хир ду вайна юкъахь вежаралла а, вовше ларар а", - тIетоьхна Султыговс.

  • Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видеокхайкхам дIаязбина, луларчу ГIалгIайчуьрчу бахархошка а, къаношка а хьажийна болу, хаам бо Радио Свобода портала. Оцу кхайкхамехь цо кховдийна кхо де далале шена долу реза цахиларш кечде аьлла. Нагахь ша бехкевар бух болуш дацахь а, сий дойуш а хилахь, аьлла цо, шена цхьана а низамо новкъарло йийр яц, шен а, шен доьзалан а, халкъан а сий лардан аьлла. Иза кхочуш дан хIуъа а дийр ду ша, боху Кадыровс.
  • Инстаграмехь зорбане баьккхинчу кхайкхамехь Кадыровс боху, ша буьтур бац "шен халкъан а, тайпан а, доьзалан а, шен а сий а, дозалла а бехдан гIерташ болу нах, жоп доьхур ду ша". Кадыровс ша бехке ву аьлла хетахь шена догIу таIзар а дийца боху шега. Цо тIетоьхна, кхаа дийнахь-бусий жоьпе хьоьжушIийр ву ша аьлла.
  • Кадыров огIазвахийтинарг ду ГIалгIайчоьнан куьйгалхочоIуналла дечу динца доьзначу гIуллакхашкахула урхаллин хьаькамо Хадзиев Яхьяс, шена бехк цабиллар дехар. Оцу стага шена къинтIера ваьккхинарг Кадыров вацара, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ша мараэккхарна шена луьйш болу нах бара.
  • Кадыровс дIахьедар дина 2018-чу шарахь Гезгмашин-беттан 26-хь дозанех лаьцна бинчу бартаца ГIалгIайчохь нохчийн ярташ йисна хиларх."Ас дуй буъу Делан цIарца, со а, сан тайп а Дала хIаллак дойла, нагахь ас харцдерг дийцахь: ас дерриг а дира, шун куьйгалло ма деххара. Со юхавелира, йитира тхайн ярташ, - дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
  • Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартана кIел куьг таIийра шина республикан куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а 2018-чу шарахь Гезгмашин-беттан 26-хь. Бинчу бартана реза боцчу наха масех митинг дIаяьхьира 2018-чу шарахь гуьйранна а, 2019-чу шарахь бIаьста а. Демонстранташна хетара, дозанаш билгалдахар нийса дина дац аьлла
  • 2021-шо чекхдолуш ГIуран-беттан 15-хь Ессентукехь хиллачу кхело гIалгIайн дуьхьалонан акцийн 7 хьалханчана 7,5 шаранна тIера 9 шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Уьш бехке лерира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхарна дуьхьал хиллачу Магасерчу митингехь ницкъбар вовшахтохарна а, эскстремистийн юкъарло кхолларна а. Чубоьхкинарш политикан тутмакхаш лерира бакъонашларъяран "Мемориал" центро (вовшахтохаралла юкъатоьхна ю иноагентийн реестрна).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG