ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн, хIирийн бахархошлахь даьлла дов герз кхийсарца дирзина, лазийнарш бу

Къилбаседа ХIирийчуьра МВД-н белхахой, гайтаман сурт
Къилбаседа ХIирийчуьра МВД-н белхахой, гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчуьра Пригород кIоштарчу Куртат йуьртахь 50 стага дакъалоцуш дов иккхина. Царех 11-мма шайна лоьрийн гIо дехна. Mash Gor телеграм-канало бахарехь, лазийначарех кхоъ Къилбаседа ХIирийчуьра ву, кхинберш - ГIалгIайчуьра. РЕН ТВ телеканалан хаамаша дийцарехь, девнан декъахойх шиъ дIалаьцна. 1994, 1999-чу шерашкахь дуьненчу бевлла кегий нах бу уьш - ший а Къилбаседа ХIирийчуьра Пригород кIоштан Камбилеевское йуьртара.

Baza телеграм-канало дийцарехь, латаран бахьана шина кхизахочун даьлла дов ду. Цига схьакхаьчначу полисхойх мел лахара а цхьаъ лазийна. Куртатехь и доккха дов хилар хьокъехь герз карахь харцхьара лелар артиклаца бехкзуламан гIуллакх долийна.

"15-й регион" порталан хаамашца аьлча, Къилбаседа ХIирийчуьра Пригород кIоштахь йукъараллера низам лардаран хьелаш чIагIдина. Меттигера ницкъахой шайн белхан чIагIдинчу хьелашка хIиттийна.

  • 2021-чу шеран чакхенгахь Къилбаседа ХIирийчуьра Пригород кIоштахь гIалгIайшна, хIирийшна йуккъехь массийтта кегийри девнаш лилхира, дийцира Кавказ.Реалии сайто зенаш хиллачарех.
  • 1992-чу шарахь хIирийшна, гIалгIайшна йуккъехь латта къовсар хьокъехь даьлла дов адамаш дайарца, меттигаш йохорца дирзира. Цигахь кхелхинчарех болу хаамаш тайп-тайпана бу. БархI эзарна зенаш хилла, 900 сов адам дала делла аьлла ду цкъачунна.
  • "Мемориал" бакъонашаларйархойн центро хIирийн, гIалгIайн девнан бахьанаш Сталинан политикица доьзна ду элира. 1944-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн республика дIайохийча, Пригород кIошт Къилбаседа ХIирийн АССР-на дIайаларна.
  • Зазадоккху-беттан 27-на, 28-на йуккъерчу буса цабевзачара ГIалгIайчоьнна, Къилбаседа ХIирийчоьнна йуккъерчу дозанехь лаьттачу полисхошна герз диттира. Зуламхой къайлабевлира, шина полисхочунна чевнаш хилира. Охан-беттан 3-хь цабевзачара Гвардейское йуьртарчу полицин белхалошна тIелатар дира, цхьа белхало лазавира. Охан-беттан 5-нна, 6-нна йуккъерчу буса рогIера герзаца тIелатар хилира Зязиков-йуьртахь - кхо полисхо кхелхира, бархIанна чевнаш йира.
  • Туркойчохь йоьдуш матч йолуш Буьри-гIаларчу "Алания" футболахойн, сербийн "Чукарички" клубан дов делира. Хьалхара тайман чакхенгахь, жамIийн терахь хийцадалале доладелира тасабалар. Серберчу тобано шайн ловзарш сацадина, стадион йитира.
  • Аннексица лаьцначу ГIирмехь латар бахьана долуш дIалецира "Ахмат" СОБР-ан пхи эпсар. Царех цхьаъ вара Ибрагимов Хьасан. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дукха хан йоццуш Оьрсийчоьно дIалаьцначу Украинера Херсон, Запорожье мехкашка вахийтина цуьнан векал.

This item is part of
XS
SM
MD
LG