ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн пачхьалкх кхолла гIалгIайн бакъо къобалйе аьлла украинхойн депутаташа


Говрахь, мехкан байракх карахь ГIалгIайчоьнан вахархо, Магас, 2019-чу шеран зазадокху-бутт/ Гайтаман сурт
Говрахь, мехкан байракх карахь ГIалгIайчоьнан вахархо, Магас, 2019-чу шеран зазадокху-бутт/ Гайтаман сурт

Украинан Лакхарчу Радера депутатийн тобано шаьш бинчу сацаман проектан регистраци йина гIалгIайн халкъана йозуш йоцу шайн пачхьалкх кхолла бакъо хилар къобалдеш. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаамбина документ кхуллуш йукъахь хиллачу депутато Юрчишин Ярослава.

Документа тIехь йаздина ду, Украино йемалдар 1992-чу шарахь Пригородный кIоштахь дуккха а гIалгIай хIаллакбар, ткъа гIалгIайн хьокъехь Оьрсийчоьнан Iедалхоша лелийнарг тIеман зуламаш ду ала тарло аьлла.

Ишта авторша хьоьху гIалгIайн халкъ 1944-чу шарахь махках даккхар йемалде, бIешерашкахь церан долахь хилла латтанаш а йухадерзаде аьлла.

ГIалгIашна шайн дозанийн цхьаалла йухаметтахIоттийна, къоман идентификалла ларйан лаарна тIетан лерина бу парламентхой, билгалдаьккхина депутато.

"Тхан вежаршна-гIалгIашна, шайн йозуш йоцу пачхьалкх хила бакъо хилар тIечIагIдар, хIара кхин а цхьа аргумент йу дуьненайукъарчу майданахь уьш къобалбан. Украинана а, доллу дуьненна а гергахь Оьрсийчоьнан Федераци империн дух долуш хилар бакъдар ду хIара", - билгалдаьккхина Юрчишина.

Цо карладаьккхира, нохчийн йозуш йоцу пачхьакх хила бакъо къобалйина хилар 2021-чу шарахь Радехь, ткъа Нохчийчоьнан Ичкерия Республика ханна дIалаьцна мохк бу элира.

Бинчу сацаман проект маца тIеоьцур йу хууш дац Юрчишинна. Амма, цуьнан прогнозца, сацам реза хилла тIеоьцург хиларх шансаш йу элира цо, хIунда аьлча, оцу документан авторшлахь украинхойн парламентан йоллу фракцийн векалш бу.

  • 1992-чу шарахь хIирийн-гIалгIайн Пригородный кIоштара латтанашца йоьзначу конфликто къепедацарш дира, нах а байира. Кеп-кепара ду беллачех терахьаш, хууш ду бархI эзар гергга лазийнарш хилар, 900 стаг вер а.
  • Бакъоларйаран "Мемориал" центро бахьана ду элира хIирийн-гIалгIайн конфликт эккхаран Сталинан политика. 1944-чу шарахь къам махках даьккхинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайчоьнан республика дIайаьккхира, ткъа Пригоррдный кIош Къилбаседа ХIирийчочьнан АССР-н дола йерзира.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 351 депутатах 287-ммо. Кхин а 64 дуьхьал хилира кхаж таса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG