ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхчоьнан территори Астраханна дехьаяьлла кадастран карти тIехь


ГIалмакхчоьнан коьрта гIала Элиста
ГIалмакхчоьнан коьрта гIала Элиста

"Яблоко" партин гIалмакхойн декъан гIантдас Боромангнаев Бытыра хаттам хьажийна ГIалмакхчоьнан куьйгалхочуьнга Хасиков Батуга, кадастран картица хIоьттинчу хьолах лаьцна, яздо Кавказ.Реалиино. Оцу карти тIехь гIалмакхойн жимачу республикан территори жимъелла эзар сов еъкIо километарна - 75,9 эзарна тIера 74,7 эзарна. И территори хIинца гойтуш ю Астраханан областан йолуш санна.

Хасиковн цIартIе дахьийтинчу кехата тIехь дуьйцуш ду, 1943-чу шарахь ГIуран-баттахь ГIамакхойн АССР дIаяьккхинчул тIаьхьа цуьнан территори дIатоьхна хилла хилар Астраханан областах. Республика юхаметтахIоттийначул тIаьхьа цуьнан цхьа дакъа хIинца а дуьсуш ду Астраханан иза долуш санна.

Областан Iедалша дуккхазза а кхайкхамаш бинера мехкан Iедалшка шина субъектана юкъахь доза хIоттадахьара бохуш, олуш ма хиллара "баккъалла а латтанаш лелош ма хиллара", вуьшта аьлча иза Астраханан ларахьара бохуш. Хьал кхин а ирдеш дерг ду къовсаме долчу латтанашна тIехь Басы олу йоккха эвла а, Каспин биргIанан консорциуман мехкадаьттан биргIа а хилар.

"Тайп-тайпанчу сервисаша а, шайна юкъахь пачхьалкханаш а йолуш, хаамийн базанаша а гайтарехь, ГIалмакхойн Республика даккхийн лаьттан дакъойх хилла Астраханан областан дакъа", - аьлла ду ГIалмакхчоьнан куьйгалхочуьнга яздинчу кехата тIехь.

"Яблокон" партин республикерчу декъо доьху регионан куьйгалхошка, хьал а таллий, къастор ГIалмакхчоьнан керла территореш Астраханан областан административан дозанна чоьхьа муха йисна бохург.

Кавказ.Реалиица къамел деш Боромангнаев Батыра хаам бина, кадастран карта толлуш гира шена аьлла, хаьлха шина субъектана юкъахь къовсаме хилла территореш йоцурш "Астраханан областе дехьадевлла хилар керла латтанаш а".

"ХIунда хилла иза? Кхузахь масех фактор ю. Луларчу регионан Iедалийн экспанси а, республикан куьйгалхойн бала цахилар а, федералан низамийн башхаллаш а. И тайпа конфликташ хуьлуш ю кхечу меттигашкахь а. ГӀалмакхчоьнан Iедалш – хьлха хилларш а, карарчу хенахь дерш а - оцу гIуллакхана реакци еш дац, уьш маьрша доцун дела, уьш Кремлах дозуш ду, регионера повестка иръян ца лаьа царна. Царна пайденна ду и гIуллакх доцуш санна дитар", - дийцина жигархочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG