ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхойчохь хиллачу некъан бохамехь Дагестанера ялх вахархо велла


Бохам хилла меттиг, ГIалмакхойчоь
Бохам хилла меттиг, ГIалмакхойчоь

ХIинжа-ГIалара Санкт-Петербурге йоьдучу автобусчуьра ялх пассажир велла, бархIанна чевнаш йина ГIалмакхойчуьрчу Яшкульскан кIоштахь кир кхоьхьучу машенах а кхетта.
Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн хаамашца, пассажирийн Neoplan автобус "Камаз" машенна тIекхетта.

Юьхьанца дуьйцура пхиъ велла бохуш, тIаьхьа дийца даьккхира республикерчу дарбан хIусамехь кхин а цхьа зуда кхалхарх, яздо ТАСС агенталло, ГIалмакхойчуьрчу могушалла Iалашъяран министран Кикенов Юрийн хаамна тIетевжина.

Лазийна пхиъ лоьраша гIо а кхачийна, могушаллех таллам бинчул тIаьхьа лазартнера аравалийтина. "Камазан" урхалхочунна а, автобус лелош хиллачунна а чевнаш ца йина.

ГIалмакхойчуьрчу Талламан комитетан урхалло дIахьедина бехктакхаман гIуллакх делларх хиллачу бохаман хьокъехь.

Кху шеран хьалхарчу исс беттан жамIашца, пачхьалкхехь некъан бохамашкахь дукха нах леш хиларца хьалхара ю Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан статистикаца, хIора некъан бохамехь нисвелла пхоьазлагIниг леш ву. Ткъа дустуш аьлча, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а, бахархойн терахь Нохчийчохьчул а лахара долчу, исс беттачохь 300 некъан бохам хилла, нах лазош.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG