ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошна гIо дина ву аьлла бехкевинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна 15 шо хан тоха кхерам бу


ГIалгIайчуьра МВД-н гIишло
ГIалгIайчуьра МВД-н гIишло

ГIалгIайчуьрчу талламан органаша бехк кховдийна меттигерчу 27 шо долчу вахархочуьнга, гIаттамхошна сурсаташца а, шен машенахь уьш дIасалелош а гIо латтийна аьлла. "Интерфакс" агенталло бина цунах хаам. Бехке хIоттийначун хIусамах хьовсучу хенахь карийна куьйгайина оьккхуьйтург а, гериган граната а.

Оьрсийчоьнан Зуламан кодексца а догIуш, дохку бехкаш бахьана долуш цунна кхочу набахтехь яккха пхийтта шо гергга хан.

  • Карарчу шеран Стигалкъекъа-баттахь ГIалгIайчуьрчу ницкъхоша хааме даьккхира, Магасера цхьаъ а, Малгобекан кIоштарчу Юкъерчу Ачалкхера шиъ а вахархо шаьш лацарх. ДIахьедора, цхьацца деношкахь церан цIийнах кеп-кепара герз даьккхира шаьш, ишта, куьйга кхусучу гранатийн пистонаш а, гериган тIеман гранаташ а, травматикан тапча а, патармаш а, кхинболу тIеман гIирс а бохуш.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, кхеле кхаьчча, наха шаьш талламхошна дина дареш шайгара етташ даьхна, олий, дIахьедеш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG