ГIалгIайчохь меттигера кхо вахархо лаьцна (25,35,40 шераш), гIаттамхошна гIоьналла латтийна ву аьлла. Талламан версица, 2011-2015-чу а шерашкахь тIемалошна сурсаташ латтийна цара, ГIалгIайчухула машенахь дIаса а лелийна, уьш гIаттамхой буй хуушшехь. Лаьцначех цхьангара тапча яьккхина, ницкъхоша хаам барехь, лехамашкахь а хилла иза.
Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхина царна, герзашца лелачу тобан декъашхошна гIоьналла латторна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, яздо Кавказский узел ресурсо.
1999- чу шарахь Нохчийчоьнан Шелковскан кIоштахь Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатар динчаьрца хилла ву аьлла, бехкевинчу ИдаловгIеран шина вешин Асланбекан а, Саламбекан а гIуллакх кхеле дIакхачорах яздира Маршо Радионо дахначу шинарин дийнахь.
Талламчаша чIагIдарехь, 1999-чу шеран Гезгмашин-баттахь таIзаре хIоттийна шиъ Басаев Шемала а, Хаттаба а буьйралла дечу тобанах дIакхетта хилла. Оццу шеран ГIадужу-беттан 4-чохь Шелковскан кIоштарчу Орз-ГIалахь герзашца тIелетта хилла и шиъ оьрсийн эскархошна.
Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллица, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.