ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхойх дIакхета лууш хиллачу Дагестанерчу шина вахархочунна таIзар дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан тIеман кхело бехкаш дехкина Дагестанерчу шина вахархочунна Шамсудинов Шамсудина а, Омаров Султанна а гIаттамхойх дIакхета гIортарна. 6 а, 10 а шерашна хенаш тоьхна цу шинна, яздо Кавказ.Реалиино.

Талламан версица, 2019-чу шарахь Каспийскехь волчу заманчохь Омаровн а, Шамсудиновн а сацам хилла бакъо йоцуш вовшахтоьхначу герзахойн тобанехь Шеман дозана тIехь дакъалаца. ХIинжа-ГIалара Дубай доьдучу кемана билеташ эцначул тIаьхьа лаьцна и шиъ.

Кхелан сацамна хIинца а латкъам бан бакъо ю церан тIеман Апелляцин кхелехь.

  • Кху деношкахь тIеман кхело таIзар дира 37 шо долчу Аталиков Залимна, Стамбулехула ваьлла Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета Iалашо хиларна.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, кхеле кхаьчча, наха шаьш талламхошна дина дареш шайгара етташ даьхна, олий, дIахьедеш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG