Гуттар хIоттош йолу Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а йохка-эцаран, экономикан юкъараллашкахула йолчу комиссин 16-гIа кхеташо Соьлжа-гIалахь дIахьош 6,53 миллион сом республикан бюджетан ахча дер ду. И ахча дIаоьцур ду юкъарчу дешаран чоьтера.
ГIадужу-беттан 28-чохь мехкан премьер-министро Хучиев Муслима куьйгъяздинчу омраца а догIуш, 4 миллион сов сом Нохчийчоьнан экономика кхиоран министраллин чоьта тIе даккха дезаш дара дешаран а, Iилманан а министралло, ткъа 2,5 миллион – республикан куьйгалхочун гIуллакхъашкахула йолчу урхаллина.
Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а йохка-эцаран, экономикан юкъараллашкахула йолчу комиссин Соьлжа-ГIалахь гIадужу-беттан 29-чохь йолийна кхеташо лаьттар ю лахьан-беттан 2-чу дийне кхаччалц.
- Украинан чугоIртарца доьзна Оьрсийчоьнна дуьнено а йина изоляци бахьана долуш ГIажарийчоь Кремлан арахьарчу политикийн коьртачу партнерашлахь ю. Оцу юкъанна ГIажарийчоьно массарна а хезаш дуьхьалгӀерта Москваца тIеман юкъарлонаш ду бохучу информацина, Оьрсийчоьнан эскаро Украинехь гIажаройн дронех-камикадзех пайдаоьцуш хиларх документалан тоьшаллаш гучудевллашехь.
- Товбеца-беттан 19-чохь Тегеране кхечира Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхаа а, шина а агIонан туркойн президентаца Эрдоган Реджепца а, гIажаройн лидершца – президентаца Раис ИбрахIимца а, Сийлахьчу аятоллаца, рахьбарца Хаменеи Iелица а дийцарш дан. Дагахь буй-те уьш "шайн Гергара Малхбале" кхолла аьтто хир буй-те церан дагахьдерг кхочушдан, дийцаредира эксперташа Свобода Радион материалехь.