ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIазза секторера мухIажарийн хьалхара тоба кхаьчна Нохчийчу


ГIазза секторера Соьлжа-ГIала балийна бахархой, лахьан-беттан 29-гIа де
ГIазза секторера Соьлжа-ГIала балийна бахархой, лахьан-беттан 29-гIа де

Сектор ГIаззера ца бевллачу денна арабевллачийн хьалхара адамийн тоба кхаьчна Нохчийчу – 51 стаг ву царлахь, иштта 27 бер а. Меттигерчу хаамийн гIирсийн публикацешкахь "Палестинера мухIажарш" олу тIебаьхкинчех, хьалхо регионан Iедалхоша дIахьедора 250 гергга стаг тIелаца кийча ду шаьш аьлла.

Республике балийначех – 38 Оьрсийчоьнан вахархо ву, 13 палестинхо, йаздо "Грозный-Информ" агенталло. Уьш дIатарбийр бу берийн могушалла тайаран "Горный ключ" центрехь.

Баьхкинараш лоьрех чекхбохуш бу, уьш балха а хIиттор бу, дIахьедина зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Амма цо билгал ца даьккхина, муха карор бу царна болх, оцу йукъанна Нохчийчоь пачхьалкхехь белхазалла йолчу мехкех хIоттийначу рейтингехь хьалхарчу могIаршкахь йу.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийттаза хаамбира ГIазза секторера бахархошна гуманитаран гIо кхачорах. Цунна лерина МЧС-н кеманех пайдаийцира, амма мохьах, цуьнан дешнашца, мах беллера Кадыров Ахьаман цIарах фондо. Федералан Iедалша оцу гIуллакхна йукъаозийнера Кадыров Дагестанехь жуьгташна дуьхьал къепедацарш лелийначул тIаьхьа, оцу хаттарна генахь дисархьама, чIагIдора Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа.

Цхьана агIор Кадыров гIерта Оьрсийчоьнан бусалбанашкара тIетовжийла хилийта, гуманитаран гIо а латтош, амма вукху агIор муьлххачу а палестинхошкахьа гIо дохуш бистхилар могуьйтуш дац, билгалдаьккхира гуьржийн Рондели Фондан Iилманан белхахочо Квахадзе Александра.

  • ГIадужу-беттан йуьххьехь джихIадхоша Израильна динчу тIелатарехь вийра 1200 стаг, 240 сов йийсаре ийцира. ГIаззера ХЬАМАС-на муьтIахь йолчу могушалла Iалашйаран министралло хаамбира, гIадужу-беттан 7-чохь Израило жоп луш ГIаззехь йолийначу операцихь 14500 палестинхо вийна аьлла.
  • Израилан Iедалхоша а, ХЬАМАС тобано а бартбина Къатар а, Мисара а йукъахь йолуш, деа денна герзаш деттар сацон. Оцу хеначохь тIемалой реза хилла, Израилан къилбехь динчу тIелатарехь йийсаре эцна 50 стаг маьршаваккха. Израило дош делла шайн набахтешкара 150 палестинхойн тутмакх арахеца.
  • Дагестанан Iедалхоша дIахаийтина сектор ГIаззера адамийн кхоалгIа тоба кхачарх. Регионе валийна 70 стаг, царах 42 бер ду, хаамбира мехкан Iедалхойн пресс-гIуллакххоша. Оцу йукъанна билгал ца доккху, буьйцурш Оьрсийчоьнан бахархой бу, йа Iарбойн къомах берш а бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG