ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГИБДД-н инспектор вийначун гергарнаш лечкъийна Нохчийчохь ницкъахоша


Соьлжа-ГIала. Архивера сурт
Соьлжа-ГIала. Архивера сурт

Тахана Соьлжа-ГIалина юккъехь ГИБДД-н инспектор вийначу жимачу стеган гергарнаш лечкъийна ницкъахоша Нохчийчуьрчу БухIан-Юьртахь. Niyso телеграм-канало шайн хьасташна тIе а тевжаш чIагIдарехь, вуьйцург Закриев Мовсар ву.

Дагадоуьйту, тIелатар Соьлжа-ГIалахь кварталан маьждигехь Iуьйранна 11 сахьт даьлча дина. Официалерчу хаамашца, ламаз дечу юкъанна вийна ницкъахо, тIаккха вада гIоьртича тIелеттарг вийна. Закриевс ГИБДД-н лахара лейтенант Джамалов Джабраил вийна бохуш йаздо Baza телеграм-канало. Инспекторера герз схьа а даьккхина, ураме ара а ведда, кхин а шина ницкъахочунна герз кхийса волавелла иза (царна хIумма а ца хилла). Важа дуьхьал тоьхначу герзаца вийна.

Закриевс дIабазбина боху озан хаам хьахабо Baza-но: цигахь цо муртадашна дуьхьал (динах хаьддачарна) "сийлахьчу тIаме" араваларх лаьцна дуьйцу боху нохчийн маттахь. Цул сов, телеграмерчу каналехь цуьнан ду боху сурт арахийцира: къевлина долчу духарца стаг ву цигахь, йуьхь хьулйеш духар долуш, бIаьргаш къайлабохуш эффект йу суртана тIейиллина, карахь урс ду цуьнан, иштта Оьрсийчохь магийна йоцучу террорхойн ИГИЛ цхьанакехтараллин байракх а йу.

FotoForensics, InVID сервисашца и сурт теллича, суьрта тIехь хийцамаш бина хилар гучудолу, цара тоьшалла дан мега, урс а, байракх а тIаьхьо оцу суртана тIейиллина хиларна.

Закриев Мовсаран ду бохучу суртана InVID сервисца йина анализ
Закриев Мовсаран ду бохучу суртана InVID сервисца йина анализ

Закриевн бу боху и озан хаам оппозицин 1ADAT боламо а арахецна. Цу тIехь нохчийн маттахь оцу стага дIахьедо, ша нохчийн Iедална реза вац, царна дуьхьал "операци чекхйаккха" а дагахь ву ша. Цо бахарехь, цуьнан доьзалехь а бу кадыровхой къобалбеш болу нах, амма цунна уьш дин доьхкинарш хета.

  • Дайначу шеран мангал-баттахь карахь урс долчу стага стационаран постехь хадеш хиллачу Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу МВД-н цхьанатоьхначу тобанан декъашхошна тIелатар динера, аьлла хаамбира низамлардаран органаша. Табелан тапча йиттира цунна полисхоша, тIаккха хиллачу чевнех кхелхира иза. Полисхойх цхьа а лаза ца вира.
  • 2019-чу шеран мангал-беттан 23-хь Соьлжа-ГIалахь некъан полицин белхахочунна уьрсаца тIелатар дира меттигерчу вахархочо 21 шо долчу Барзаев Ахьмада. Официалан версица, инспекторна Сафиулаев Рамильна чевнаш йина хиллера цо. Оцу заманчохь тIехволучу Росгвардин эскархочо Джабраилов Зеламхас герз тоьхна, вийнера тIелатар динарг. Герз кхетале Барзаев кхиина хилла Джабраилов лазо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG