ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна таIзар дина террорхойн тобанехь хилла ву аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбан гонашкарчу тIеман кхело сацам бина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочун Сагданов Александран хьокъехь, ГIалмакхойчуьрчу колонехь хан токхучу юкъанна террорхойн организацехь дакъалаьцна ву аьлла. "Интерфакс" агенталло яздо цунах.

"Чиллан-беттан 2016-чу шарахь номер 2 йолчу ГIалмакхойчуьрчу колонехь таIзар токхучу цо террорхойн юкъараллехь хила дош а делла иза, шен лаамехь царех дIакхетта хиллера",- яздо хаамехь.

Талламан версица, Сагдановс йоьшуш хилла экстремистийн чулацам болу литература, Iамош хилла Iарбойн мотт, тобанан кхечу декъашхоша вовшахтоьхначу исламан урокашкахь хуьлуш хилла.

Шогачу хьелашкахь даккха 5,5 шо тоьхна Сагдановна кхело, "Террорхойн организацехь дакъалацар" аьллачу артиклехь.

  • Талламна къаьстина, 2013-чу шарахь и организаци кхоьллинарг Дагестанан вахархо, бакъо йоцуш герз лелорна оцу заманчохь набахтехь хан йоккхуш хилла Гасанов Шахбан хилар.
  • Ишта хьалхо зорбанаша яздора, Ростов-ГIаларачу Къилбан гонийн тIеман кхело шогачу хьелашкарчу колонехь даккха 5,5 шо хан тохарх Кизляран кIоштарчу вахархочунна Эмиргамзаев Робертна, ГIалмакхойчуьрчу номер 2 йолчу колонехь террорхойн юкъараллехь хилла ву аьлла.
  • Гасановн тобанера 10 стаг лецира стохка Дагестанан а, Краснодаран а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Бурятин а, Волгоградан а дозанаш тIехь.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG