ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебартойн-Балкхаройчоьнан кхело ца магийна Нохчийчуьрчу тIамах лаьцна видео


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран дечкен-бутт
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран дечкен-бутт

ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Прохладненскан кIоштан кхело ца магийна Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь оьрсий салтий гойтуш 20 минотехь йолу видео. Иштта арз кхеле делла кIоштан прокуроро.

Видео тIехь гойту оьрсийн эскархойн, республикан маьршачу бахархойн а, хьаькамийн интервьшкара кийсакаш – оьрсийн тIеман министраллин вовшахтоьхначу эскархойн тобанан Нохчийчохь хиллачу буьйранчан Трошев Геннадийн, Оьрсийчоьнан тIеман министран Иванов Сергейн (шолгIачу тIамехь), къобалъянзачу Нохчийн республика Ичкерин президентан Дудаев Джовхаран, иштта Кремлан агIоне дехьаваьлла волчу Ичкерин муфтин Кадыров Ахьмадан а. Видео тIехь гойту ницкъбар, нах байъар, Iазап латтор.

"Хьахийначу хаамийн материало къизаллина, ницкъбарна, кхиндолчу низамца доцучу зуламашна пропаганда йо, нах кхерамехь латторхьама а, шайн цхьа Iалашонаш кхочушъярхьама а, оцу чохь иштта тIеман-Iаморан информаци ю, цо зуламехь долчу гIуллакхашна юкъаийзаво, шен декъехь, кхиазхой а", - яздина ду Проладный гIалин прокуратуран орзехь.

ТIехьоьжучу хьукматана хетарехь, федералхоша тIеман зуламаш лелор гойту видео "низам лардаран а, пачхьалкхан Iедалан а органийн бакъонашца богIуш болу болх дIакхехьарна новкъарло яран барамаш кечдарехь" пайда эца тарло, цундела иза ца маго еза.

Кхело и арз къобалдира, и видео Оьрсийчохь йихкина а лоруш, иштта дIакъевлира махкахь оцу видеона тIевуьгу ютубера линк а.

  • Украинхойн Оnline.ua хаамийн сайтан Украинерчу тIамехь байъинчу оьрсийн эскархойн терахь дуьйцу хаам тIехь болу агIо дIакъовла, аьлла сацам бира хьалхо Нальчикан гIалин кхело. Нальчикан 316-гIа тIеман прокуратурин прокуроро кховдийнера кхеле и арз.
  • Нохчийн юкъараллин "Халкъан болам 1АДАТ" вовшахтохаралла, оппозицин 1АДАТ телеграм-канал аьлча дика евзаш йолу, йихкинчу экстремистийн организацийн реестре язйина юстицин министтралло. Хьалхо Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело лерира иза экстремизме.
  • Великобританин тIеман министраллин тIаьххьарчу цхьана дIахьедарехь билгалдоккху, Украинерчу нах бехачу меттигашна тIе тохарш дар Оьрсийчоьно 1999-чу шарахь Нохчийчохь а, 2016-чу шарахь Шемахь а лелийначух тера ду аьлла. Малхбузерчу эксперташа а, аналитикаша а оцу тайпа терадогIурш тIаьхьарчу хенахь сих-сиха билгалдохура, царах "Путинан метод" олуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG