ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмерчу Iаморашкара тIемалой Нохчийчу юхаберзорах лаьцна хаамбина тIеман Министралло


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIеман Министраллин хаамца, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера Къилбан тIеман гонера 58-чу эскаран декъана юкъайогIу 42-гIа гвардин дивизи Нохчийчуьра шайн гуттара дислокаци хиллаче юхадерзор дIадолийна.

Чиллан-беттан 17-хь Ханкала дIакхача езаш ю дуьххьара тоба, хаамбо РИА "Новости" гIирсано тIеман Министраллина тIе а тевжаш. ТIеман техника а, салтий а аьчкан некъахула дIабуьгуш бу. Некъан бахалла 1,5 эзар километр ю. Бронетанкийн а, машенийн а техника аьчкан некъан платформаш тIера охьаяха буьйлабелла тIемалой.

  • 2021-чу шеран гурахь дуьйна малхбузерчу зорбанаша яздора Оьрсийчоь Украинана тIелата кечлуш ю, бохуш. Кремло а, арахьарчу гIуллакхийн Министралло а масийттаза тIе ца дитира Украинаца тIом болон дагахь хилар, ткъа дозана йисте дIагулдина эскар Iамораш деш ду, бохура.
  • Селхана Американ тIеман министро Остин Лойдаса дIахьедира, Оьрсийн тIеман Министралло тIе ца дитахь а, Оьрсийчоь соцуш яц Украинан дозанашка эскарш гулдечуьра. Цуьнах тера дIахьедарш дира НАТО-н коьртачу секретара Столтенберг Йенса а, Британин тIеман къайлахчу талламан куьйгалхочо Хокенхалл Джимо а.
  • ОБСЕ-н хаамашца, цхьана денна-буьйсанна чохь Донбассехь 500 эккхийтарш хезира. Украинан тIемалоша хаамбира Киевн куьйгакIел йолчу Луганская-эвлана тIе тоьпаш йиттина хилар, цигахь кхийсина снарядаш берийн бешан гIишлонна тIе кхетта.
  • Хьалхо тидамхоша билгалдаьккхира, Украинехьа дирзина новкъадевлла Росгвардин нохчийн тIеман декъаш хилар, Кадыров Рамзанан куьйгакIел долу.
  • 42-гIа гвардин дивизи Нохчийчу дислокаци еш йоссийна елахь а, Кадыровн контролехь ца лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG