ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмехь Оьрсийчоьнан Думе кхажтасар тIе ца лаьцна Америко а, Евробарто а, Британино а


ГIирмера харжамаш
ГIирмера харжамаш

Евробертан пачхьалкхаша а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Британино а тIе ца дуьту аннекси йинчу ГIирман территори тIехь Оьрсийчоьнан Думе боьлхучийн хиллачу харжамийн жамIаш а, ша кхажтасаран процесс а. ЕС-н арахьарчу политикан урхаллийн а, Британин а, Американ дIахьедаршкахь яздо цунах лаьцна. Царна тIехь билгалдоккху, дуьненан юкъаралло ГIирма Украинан территори лоруш хилар.

Евробератн арахьарчу политикан урхаллан дIахьедарехь емалдо Оьрсийчоьнан сепаратистийн контролехь йолчу Украинан Донецкан а, Луганскан а кIоштарчу бахархоша харжамашкахь дакъалацар.

Евроберто а, Американо а, Британино а тергам тIеозабо пачхьалкхан Думе дIахьочу харжамашкахь дуккха а харцонаш лелийна хиларна, ишта, Оьрсийчоьнан Iедалхоша бахархойн юкъаралалана а, журналисташна а бен Iаткъам чIагIбинчу хьелашкахь харжамаш хIиттийна хиларна а.

Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь диллина дуьйцу "арахьарчу агентех" а, экстремистийн а, "оьшуш йоцчу" а организацех юкъадаьхначу низамех а, пачхьалкхан бахархойн, иштта харжамхойн а бакъонаш хьоьшуш долу. Оцу бахьанашца, Малхбузена хетарехь, харжам бечу хенахь а таронаш къевлина яра церан. Малхбузен пачхаьлкхаша бехк баьккхина Оьрсийчоьнера, ОБСЕ-ра тергамчаш кхайкха дуьхьало ярна.

Пачхьалкхан Думе боллу харжамаш тIе ца лацарх дуьйцуш дац дIахьедарехь. Хьалхо Европарламенто кхайкхам бира Евроберте, нагахь санна, харжамаш цIена а, бакъонца а дIабаьхьна бацахь, кхожан жамIаш тIе ма дита аьлла.

Аннекси йинчул тIаьхьа харжамаш дуьххьара дIабаьхьна бац ГIирмехь. 2016-чу шарахь Думе хиллачу харжамийн жамIаш а Малхбузено бакъ ца дира, практикехь и бохург дара, масала, ГIирмехь хаьржина Думан депутаташ дуьненаюкъарчу парламентийн ассамблейшкахь дакъалаца Оьрсийчуьрчу делагацешна юкъабохуьйтур цахилар.

Харжамийн комиссин (ЦИК) зерашца, доллу бюллетенеш дагардинчул тIаьхьа, Думе кхочур ю пхи парти. КПРФ-н а, иштта оппозиционеран Навальный Алексейн а агIончаша Iедалхой бехкедо Москвахь тийсинчу кхаьжнашца фальсификаци лелорна. Ткъа харжамхойн кампани дIаяьхьира Навальныйн агIончаш лоьцуш, уьш юкъа ца буьтуш, шаьш къобалбечу кандидаташна цаьрга агитаци а ца йойтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG