ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан думан депутато лелийначу криминалах видео яржийна Яшин Ильяс


Яшин Илья
Яшин Илья

Оьрийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс шен ютьюб-канале видео хIоттийна, Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думан депутат волчу Делимханов Адама лелийначу криминалан гIуллакхех лаьцна. "Оьрсийчоьнан уггар а кхераме депутат" ву аьлла цунна Яшина, яздо Кавказ.Реалии портало.

16 минотехь яьккхинчу видео тIехь Яшин Ильяс дуьйцу, стенна тIера дIаболийна Делимхановс шен некъ, муха хилла цунах Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "уггар а тешамениг".

Яшина карладаьккхина, Радуев Салманан машен лелош, Делимхановс шен карьера йолийна хилар. Радуев – нохчийн тIеман буьйранча вара, 2001-чу шарахь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхийра цунна, терроризм лелорна а, нах закъалте лецарна а.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь Делимханов федералан ницкъашкахьа ваьллера. 2003-чу шарахь цо куьйгалла дира "нефтяной" полкан, иштта тешаме накъост хилира цунах Кадыровна.

2007-чу шарера схьа ца хийцалун Пачхьалкхан думан депутат ву Делимханов.

Москвахь дика вевза иза, низамехь гIуллакх чекхдаккха ницкъ ца тоьначу бизнесхоша цуьнга орца доккхуш хиларца, чIагIдо шен видеохь Яшина.

Дукхахболчаьрга хьаьжча, Делимханов ца гIерта шен хьал-бахам хьулбан. Яшина дийцарехь, нохчийн Джалка олучу эвлахь депутато хьалайина йоккха шахьар ю.

Шен видео тIехь Яшина дагадоуьйту, 2013-чу шарахь парламентан гIишло чохь Пачхьалкхан думан депутатах Журавлев Алексейх Делимханов латар а.

ЯмадаевгIеран вежарий байъарна а бехкево Яшина Делимханов, цо карладоккху, оцу тIехула Интерполехула иза цхьана хенахь лехарх а.

Оьрсийн оппозицин политико дагадаийтира, 2006-чу шарахь Москван юккъехь ФСБ-н подполковник Байсаров Мовлади вер а. Цо бахарехь, оцу операцин куьйгалла дийриг а вара Делимханов.

Цкъачунна оцу видеох лаьцна Соьлжа-ГIалано официалехь аьлла хIума дац.

2016-чу шеран Чиллан-баттахь "Нохчийчоь кхоьру Кадыров Рамзанах" аьлла дIахьедира Яшин Ильяс. "Халкъан кхерамзаллина тIехь лаьтта кхерам" аьлла, рапорт йовзийтира цо Нохчийчуьрчу коррупцех, Кадыровн гонах, политика бахьанехь нах байарх, Кадыровна гонах лаьттачу тIеман ницкъех а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG