1990-чу шарахь Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь шен болх дIаболийра нохчийн къоман гуламо. ТIаьхьо 1991-чу шарахь Мангал-беттан 9-чу дийнахь цуьнах конгресс хилира. ХIун Iалашо яра цу гуламан? Муьлхачу хьелашкахь вовшахтоьхнера иза дуьйцу цу форумехь жигара дакъалаьцначу нохчийн историн Iилманчо Абумуслимов-Сайд-Хьасана.
1991 чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь, Советан Пачхьалкхехь ГКЧП иккхича, Нохчийчохь цунна уггаре а хьалха дуьхьал бевлларш бара ОКЧН-ан декъашхой бохуш дуьйцу Вайнехан демократин партин декъашхо хиллачу журналисто Чабаев Лемас.
Чабаев Лема
No media source currently available
Нохчийн хьалхарчу гуламехь хаьржинера къоман депутатийн сацамаш кхочуш баран комитет, шен коьртехь Дудаев ЖовхIар а волуш.
1991-чу шарахь Лахьан-баттахь ша президентан декхарш кхочуш дан волалуш уггаре а хьалха Нохчийчоьнан президенто тIеэцнарг дара Нохчийн Республика йозуш йоцуш хиларх лаьцна указ. И мехала документ тIеоьцуш Дудаев ЖовхIар тIетежинарг Нохчийчоь йозуш йоцуш хиларан деклараци яра бохуш дуьйцу историко Абумуслимов Сайд-Хьасана.
Нохчийчохь президентан а, парламентан а харжамаш хиллачул тIаьхьа ОКЧН олучу конгрессо берзийра шен болх. Амма тахана а дуккха а цу хенахь хиллачу депутаташна а, керлачу политикан ницкъашна а дика хир дара аьлла хета, нагахь нохчийн халкъан конгресс юха а болх бан йолаелча.