ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш лела машенаш юкъайовларо хуьйцур ду адамийн дахар


South Korea -- Google Chief Executive Eric Schmidt speaks during a news conference to launch its new tablet PC, Nexus 7, in Seoul on 27Dec2012
South Korea -- Google Chief Executive Eric Schmidt speaks during a news conference to launch its new tablet PC, Nexus 7, in Seoul on 27Dec2012

Ша шена урхалла деш йолу машенаш ярехь баккхийн кхиамаш баьхна цхьамогIа компанеш. Уьш юкъайовларо вуно чIогIа хийца мегаш ду адамийн дахар а, машенийн индустри а. Амма говзанчаша дийцарехь, хIинца а дуккха а халонаш ю цу тайпа машенаш шуьйра юкъаяха новкъарло еш.

Масала, хьо урамехь лаьтташ ву, цIа ваха дагахь. Хьайн телефонехула машен схьакхойкху ахьа. Цхьа минот ялале иза схьайогIу. Хьо чухиъна. Машен дIайолало такси санна. Амма урхалла деш стаг вац цунна.

Цу тайпа машен ю аьлча Iилманан фантастика санна хIума хета иза. Амма технологи шуьйрачу гIулчашца кхуьуш хиларо и хилам герга балийна.

Автономин кепехь лелаш йолу транспорт юкъаяларо баккхийн хийцамаш бохьур бу адамийн дахаре. Цу гIуллакхо вайн хан а, ягориг а кхоор ю. Цул сов, гIаланаш яран планаш а хуьйцур ю цо. И машенаш юкъаевлча дIасалела атта хир ду заьIап нахана а, тIех сов садаьIна къадбелла дIасабаха арабевллачу нахана а.

Компьютеро урхалла деш йолу машенаш юкъаевлча уьш дIасалелар цхьана кепе дерзийна хир ду. Уьш вовшахъетталур яц. Дуьхьалонна улле гIоьртича совцур ю уьш хьалххе.

Пейдж Ларри Google компанин болх кхочушбаран директор ву. Google ю и белхаш барехь хаьлхе дIахьош йолчу фирмех цхьаъ. Керлачу цу технологех лаьцна иштта элира Пейдж Ларрис.

Пейдж Ларри: «Ойла яйша, мел хуьйцур ду ша лелачу машено вайн дахар а, гонахара Iалам а. Дитташ а, зезагаш а кхин дерг а алсам дера ду. Машенаш дIахIитто меттигаш кIезиг оьшур ю. ДIасалелар аттачу дер ду. Некъан хьовзамийн терахь вуно чIогIа лахлур ду.

Хьан гIуллакх дан маьрша хир ву хьо. Машенна хьалха а хиина хан йойъуш Iан дезар дац. Юкъъерчу Iамеркахочо 50 минот йойъу балха воьдуш. Ойла яйша, и хан кхин гIуллакх деш яйъа аьтто хир бу неха».

Машенан компьютерца урхалла дан а, цуьнан чехкаллана урхалла дан а, сацо а аьтто баьлла леррина а, дIасалеларна терго яран а, автоматан кепехь машен дIахIоттон а, спутникан навигаци яран а системаш юкъайовлар бахьана долуш.

Шаьш лела машен хилийта и системаш вовшашца йоьзна хила езаш ю. ТIехула тIе, машен тIехь хила еза цхьацца гайтамийн сенсорш а, видеокамераш а, радар а, радар санна болх беш долу лидар олу лазер а.

Цу гIирсаша хаам бийр бу компьютеран программе машенна гонах хуьлуш долчух лаьцна. Цара тидам бийр бу некъан йистошна, йоьшур ю некъан симболш, светофораш, тидаме оьцур бу гIашлой.

Баккъалла а кхерам боцуш хилархьамма, массерна а хетарехь, кхечу транспортца юкъаметтигаш латто аьтто болуш хила еза и тайпа машенаш.

Уоллес Ричард Iамеркера Мичиган-штатехь йолчу транспортан системашна анализ ечу центран директор ву. Цо дуьйцу, масала, некъ морзух болучу меттехь оьшуш долчух лаьцна.

Уоллес Ричард : «Нагахь хьо гIьртинчу хьолехь гIалахь валахь, радиолокацин а, оптикан системашна гуш ца хуьлу голатоьхча дерг. Дуьхьал цIенош хуьлу, некъ керста болуш хилча машенаш вовшахъетталур ю вовшашца радион зIе ца хилахь».

Ша лелачу машенийн хьалхара масаллаш хIинцале долуш ду. Амма, эксперташа дийцарехь, мел лаххара а 10 шо оьшур ду, шуьйра уьш юкъаяха.

Уоллес Ричард : "ХIинца йолчу индустрина тIе а тоьвжуш аьлча, 2018-чу шарахь аьтто хир бу ша лелаш йолу транспорт юкъаяккха. И машенаш некъан доккхачу декъехула шаьш дIаяха аьтто болуш хир ю.

Вуьшта аьлча, хьайн некъан тIе а ваьлла, тIе нуьйда а таIийна, дIагIур ву хьо. Нагахь кхечу новкъа вала, я саца лууш хьо валахь ахьа урхалла хьан караоьцур ду. Шаьш лелачу машенашна кечдина некъаш гучудевр ду 2025-чу шарахь»,

Google-компанино дийцарехь, цара йинчу шаьш лелачу машенаш 700 эзар километр некъ бина, цхьа а некъахьовзам а ца хуьлуш. ДIабаханчу баттахь Mercedes-Benz-компанино а гайтира шайн цу кепара йолу компьютеро урхалла до 100 эзар доллар мах болу S-классан машен. Иза 200 километр сохьтехь чехка йоьду, урхалла деш стаг а воцуш. Британера Оксфордан университет а ю Apple-компанин IPad-о урхаллао дон машен еш.
XS
SM
MD
LG