ТIаьххьара Совет Пачхьалкхан президент хиллачу Горбачёв Михаила малхбузене кхайкхам бина Оьрсийчоьнца “тешам меттахIоттабе” аьлла. Цо чIагIадарехь шира ши мостагI юха а “шийла тIом” карлабаккха герга ву.
“Шийлачу тIеман ерриг билгало кхузахь ю,” элира цо немцойн Bild газете еллачу интервьюхь. “Эскарш Европе чуузуш ду, цаьрца цхьаьна танкаш а, гIагIдиллина техник а ю. Дукха хан йоцуш, НАТО-н а, оьрсийн а эскарш гена дара вовшийн. ХIинца уьш вовшийн меран кIелахь ду,” элира Горбачёва.