ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн думера векало  ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо тIеман гIирсах аьлларг  бакъдина


Делимханов Адам
Делимханов Адам

ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо, бизнесхочо Пригожин Евгенийс Оьрсийчоьнан парламенте тIеман гIирс шена эшарах ца йаздинехьара, хIумма а дацара, элира Нохчийчуьра думе хьажийначу депутата Делимханов Адама. "Соьга аьлча, тоьуш ма дара", тIетуьйхира цо. ТIеман гIирс цатоарах Пригожина аьлларг бакъдеш, тIе а ийцира цо. Хьалхо хаамийн гIирсаша дийцира, Пригожинан, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хила тарлочу девнах.

Ша "Пригожинца зIенехь ву", ЧВК "Вагнерехь" хIоьттинчу хьолах кхеташ ву", дIахьедира Делимхановс. Пригожина цунна баркалла элира.

Охан-беттан чакхенехь Кадыровс шен Пригожинца хиллачу цхьаьнакхетарах дийцира. ЧВК "Вагнеран", Нохчийчоьнан куьйгалхочун дов далар дуьйцучу муьрехь дIадаьхьира и цхьаьнакхетар. Дов Пригожина тIеман министралла йемалйарна тIехула дара. Кадыровс урхалла а, министр Шойгу Сергей а хастийра.

Хьалхо Кадыровс критика йира Украинера Оьрсийчоьнан тIеман куьйгаллина. Донбассехь эшарна Оьрсийчоьнан тIеман лаккхарчу даржашкара хьаькамаш хийца бохуш дIахьедарш а дира цо.

Чиллин-баттахь хаамийн гIирсаша дийцира "Ахьмад" батальоно ЧВК "Вагнерна" тIеман гIирс баларах. Цу хеннахь Пригожина бехкейира Оьрсийчоьнан тIеман министралла. Шен тIеман компани хIаллакйан лерина бу уьш, аьлла дIахьедира цо. Цара динарг къомана зулам дар лору ша элира. Пригожинан дIахьедар довзийтинарш цуьнан пресс-белхалой бара.

  • "Путинан гIашсалти" ву ша баьхна Кадыров Украинехь тIом болабелча, Пригожинна муьтIахь хилла дIахIоьттира. Цул совнах, церан структураш йара цхьана бертахь болх беш. Нохчийчухула тIаме дIахьовсийна "лаамернаш" ЧВК "Вагнере" кхочура.
  • ДIадаханчу шеран гIадужу-баттахь Кадыровс "пост" йира, ЧВК "Вагнер"-ан куьйгалхочух "сан хьоме ваша", "бакъволу тIемло" олуш. Цу йуххехула украинхойн гIала Лиман дIахецарна, "Центр" эскаран буьйранча инарла Лапин Александр "ледара тIемло" ву аьлла, йемалвира. Пригожин резахилара Кадыров Рамзана цу хьокъехь аьллачунна.
  • Чиллин-баттахь тIом талларан институто Пригожинан тIеман министраллица долчу девнехь Кадыровс цуьнан агIо лацахь тамаша бу элира. Хьалхо Кадыровс министраллица шен "вуно дика йукъаметтигаш" йу бахарца боьзна бара и хьежам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG