ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Граната лелорна бехкбиллинчу ГIалгIайчуьрчу йахархочо шена тIехь ницкъбина аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ницкъахоша ша дIалоцучу йукъанна шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедина Несарарчу йахархочо Чемурзиева Лайла. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига дийцина цуьнан адвоката Оздоев Басира. Оьккхуьйтург лелорна бехкейо Чемурзиева, хьалхо гергарчу наха дIахьедира, иза лачкъийна аьлла.

"Таллам болабалале Чемурзиевина тIехь ницкъ бинера – цунна йиттинера, кхерамаш тийсинера. И бехкейечун статусе йаьккхича ницкъбар сецира", - дийцина адвоката.

Цо бахарехь, Чемурзиевина коьртаха, дегIан кхечу меженех а йиттинера, буйнашца а, чохь хи долчу телатан шишаца а. Цуьнан дегIа тIехь чевнаш йиссина – йаккхийра Iаржйелла меттигаш. Ницкъахоша иштта цуьнан доьзална а кхерамаш тийсина хиллера.

Оздоев Басира тIетоьхна, и чохь латтош йолчу СИЗО чуьрчу хьасташа тIечIагIдинера, цуьнан дегIа тIехь Iаржйелла меттигаш хилар. Амма официалехь ницкъбаран ларш билгалйаьхна йацара.

Охан-баттахь цуьнан хIусаме хьевсича карийна бохура ницкъахоша цигахь оьккхуьйтург. ХIетахь 36 шо долчу Несаран йахарчун доьзало дIахьедира, 100 эзар сом ахча а, 25 эзар сом доьхуш долу дешин мухIар а дайна аьлла, иштта Чемурзиевина тIехь ницкъбина бохура. ХIусаме хьежначул тIаьхьа цара мича йуьгу ца хууш дIайигира иза, тIаккха ИВС чу йоьллира.

ТIе аьчкан горгалш хьерчийна йолу граната лелорна бехкейо Чемурзиева. Пхи шо хан тоха мега цунна, амма цо бехкаш тIе ца лоцу.

  • 2016-чу шарахь Магасерчу кхело теллира Чемурзиевин гIуллакх, и бехке лерира низамехь доцуш герз лелорна, герзаца йолчу тобанашкахь дакъалацарна а, низамхочунна тIехь ницкъбарна а. Талламан а, кхелан а версица, геннара лелалуш йолу оьккхуьйтург эцна хиллера цо, и шен машенахь лелош хиллера. 2015-чу шеран гIудужу-баттахь, лехамашкахь болу тIемалой Махаури Беслан а, Ведзижев Ильяс а чохь волуш йолчу машенна тIе ницкъахоша Несаран центрехь герз деттачу йукъанна, цара дийцарехь, гоне лаьцначу меттиге кхача гIерташ хиллера и зуда, тоьхна доза а хадош, тIаккха цунна чов йина хиллера. Йуьхьанца бархI шарна хан тоьхна чуйоьллира и, тIаьхьо хаамбира, хан йалх шаре, ах шаре охьайаьккхина хиларх.
  • Iедало тIемало ву бохуш волу Чемурзиевин хIусамда 2006-чу шарахь ницкъахошца герзаш кхуьйсучу йукъанна вийра. Бакъоларйаран "Мемориал" центран хаамашца, 2015-чу шарахь чов а йеш дIалаьцначул тIаьхьа, Чемурзиевас латкъамаш бора, шена тIехь ницкъ бо, адвокат тIе а ца вуьту бохуш.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга 1азапца дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG