ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Грознефтегазан" активаш схьаэца кийча яц Нохчийчоь


"Грознефтегазан" 51% активаш "Роснефть" компанино Нохчийчоьнна йохкарх цкъачунна барт хилла баланза бу. Активех доьху 12,5 миллиард сом дукха хетарна, Нохчийчоьнан Iедало цхьа хан ехна ойлаян, аьлла яздо ТАСС агенталло.

Байна бутт бовш "Коммерсант" газетано хаийтира, "Роснефть" компанино махкара шен 51 процент активаш а, кхиболу бахам а дIабохка дийцарш долорах. 12,5 миллиард соьмана ларало и бахам. Ши шо а дара махкара маьIданаш Нохчийчоьнан урхалле дIадалар Оьрсийчоьно дийцаре ден.

Цкъачунна хууш дац, хIун мехах, муха, муьлхачу хьесапашкахь нислур ду нохчийн мехкдаьтта, газ мехкан доладерзор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG