ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Токхамаша хIусамаш йохийначарна орцахдаьлла Iедал


Къилбаседа Кавказерчу мехкийн гIуллакхашкахула йолчу министраллан а, Нохчийчуьрчу гIишлошъяран а, коммуналан а урхалло а кхеташо дIаяьхьна Соьлжа-ГIалахь. Цигахь дийцаредира, махкахь токхамаша хIусамаш йохийна, арахь бисинчу нахана гIо кхачоран некъаш.

Болчу хаамашца, Iалам карзахдаларан кхерамехь беха тахана 25 эзар гергга стаг. Ткъа токхамаш бахьана долуш хиллачу бохамаша хIусамах баьхнарш 844 доьзал бу.

Оьрсийчоьнан гIишлошъяран министралло тIелаьцна шина этапехь и проблема чекхъяккха: карарчу шарахь чохь Iен таро йоцучу хIусамашкара нах цхьанхьа дIатарбан а, царна компенсацеш яла а.

2018-2025-чу шерашкахь хIусамех боьхначарна керла ярташ яхкар а дийцаредина дIаяьхначу кхеташонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG