ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненца гергарлонаш чIагIдеш бу гуьржий


Тбилисехь еврошкола схьайоьллуш
please wait

No media source currently available

0:00 0:03:05 0:00
Линкана тIе

Ираклий Орагвелидзе,

Мзия Паресишвили

("Эхо Кавказа")

Европаца а, Азица а тесначу зIенех Гуьржийчоьнна болу пайда гойту карарчу кIирано. Деккъа цхьана шинарийдийнан Тбилисера хиламаш бу хIорш: махка веъначу Японин арахьарчу гIуллакхийн министро куьг яздина Гуьржийчоьнна 343 миллион доллар кредит лучу бертан кехаташна буха; Тбилисе веъначу Еврокомиссаро Хан Йоханнеса схьайиллина "Малхбалерчу Гергарлонийн Европера школа" - ялх пачхьалкхера бераш хир ду цигахь доьшуш.

Ереванера шен визит йирзича веара Японин коьрта дипломат Таро Кано Тбилисе. Оццул лакхарчу даржера японхо хIинцалц хилла а вацара Гуьржийчохь.

Тбилисехь Канос куьг яздина Японе кхача луучу гуьржашна визан раж малъеш. Ткъа луш долу кредит хьажийна ду гуьржашна шайн лаьмнашкахула (Рокота дукъ тIехула) мехкан малхбале малхбузенца цхьаьнаюзуш некъ билла.

"Кавказан регион – Ази, Европа, Гергара Малхбале цхьанатуху ков ду. Кавказехь дахар маьрша хилча, дуьненан кхерамзалла а йолу сов", - аьлла Японин министро ша еллачу пресс-конференцехь.

Гуьржийн дипломатийн куьйгалхочо Залкалианис хаамбира журналисташка, ши пачхьалкх вовшашна юкъара йохк-эцар маьршачу кепе йоккху некъ беш ю, аьлла.

… Итт шо хьалха Гуьржийчоьнна, Оьрсийчоьно агресси йинчул тIаьхьа, 200 миллион доллар делира Японис. Оцу ахчано аьтто бира хIинца хьехабо некъ билла боло.

Оццу шинарийдийнахь тIеийцира Тбилисино кхин а цхьа веза хьаша – Еврокомиссар Хан Йоханнес.

Ша гуьржийн премьер-министрца Бахтадзе Мамукица еврошкола схьайоьллуш цо элира:

- Вай шиннах цхьа харжам бан таро йолуш ду: паргIат дахар экспорте даккха, я гIоьртинчу хьаланна импорт ян.

Цо бохучунна тIедоьгIна аьлча, Гуьржийчоьной, Европой къахьоьгу паргIат дахарна экспорт еш. Керлачу школехь деша охьахиина 6 пачхьалкхера 30 бер. Хенан йохалла кхин а и тайпа юкъара школаш а, берийн бошмаш а Тбилисехь схьаелла бартбина Хана а, Бахтадзес а.

Гуьржаша дозалла до Евробертаца юкъахь йохкучу школех йолу программа шаьш долчуьра кхочушъян йолош. Шен оцу программин цIе ю "2020 шо кхачале – 20 коьрта Iалашо". Оцу цIаро а гуьржийн-Европан гойту юкъарлонийн шоралла.

Дуьйцу документ тIеийцира Брюсселерчу саммитехь 2017-чу шарахь. Цуьнца а догIуш, Евроберто Гуьржийчуьрчу реформашка дуьллур ду 2020-гIа шо тIекхачале 450 миллион евро.

Дуьненахь уггаре беллабелла бехачу мехкех лору тахана Гуьржийчоь. Цига маьршша ваха-ван йиш йолуш ву 99 пачхьалкхан вахархо. Иштта маьрша, шуьйра лоьху гуьржаша дуьненца гергарлонаш шаьш а.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG