ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан пачхьалкхашка баха виза ца оьшу гуьржашна


Кху беттан 28-чу дийнахь дуьйнна Гуьржийчоьнан бахархойн аьтто бу Евробертан пачхьалкхашка виза а йоцуш баха. Гуьржийн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан официалан журналтIехь Iорабаьккхина, Евросоюзан пачхьалкхашка виза йоцуш баха таро йолчу мехкашлахь Гуьржийчоь а хиларан хаам.

Оцу урхалло чIагIдарехь, 20 де даьллачул а тIаьхьа лелар ду и низам. Къилба ХIирийчохь а, Абхазехь а беха гуьржийн бахархойн а йиш хир ю маьршша дIасалела билгалъяьхначу пачхьалкхашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG