ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуантанамо набахте сихха дIачIагIа аьлла, кхайкхам бина Байдене конгрессхоша


 Куба - Гуантанамо набахте
Куба - Гуантанамо набахте

20 шо хьалха Америкехь терроран тIелатарш дина Гезмашин беттан 11-гIа де тIекхача масех кIира диссинчхенахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн чоьнан иттаннаша конгрессхоша-демократаша кхайкхам бина Джо Байдене еарин дийнахь Куба гIайренехь Гуантанамо-Бей олучу меттехь йолу тIеман набахте сихонца дIачIагIа аьлла.

75 конгрессхочо кехат хьажийна президенте и набахте хIинца а болх беш хилар таммагIа ду пачхьакхан нахалахь йоккхучу цӀарна тIехь, цуьнан адамийн бакъонашкахьа къийса йолу а, низам коьрта хиларг хаийта йолу а таронаш йохош долу аьлла.

"Оха доьху хьоьга гIулчаш яхар, буьззинчу барамехь набахте дIачIагIа оьшуш йолу, сихонца дан дезарг дар цигахь латточу нехан терахь лахдан, оьшург дан оцу нахаца лелар адамаллица хилийта, Гуантанамохь йолчу комиссино еш йолу процедураш массаьрна а ган таро йолуш хилар алсамдаккхар," – яздина цара.

Конгессхоша дийцарехь, и набахте схьайилличхьана цигахь латтийна 800 гергга тутмакх, амма карарчу хенахь цигахь ву 39 стаг. Царах дукхаха берш къанлуш бу, гIора доцуш буьсуш бу.

Кехата тIехь хьахийна ду Байдена гIортор йина хилар Гуантанамо дIачIагIа езаш хиларна 2009-чу шарахь ша вице-президент волуш, изза цо тIечIагIдина хилар кхушара Дечкен-баттахь ша президент хIоьттича а.

Гуантанамохь латточерах уггар вевзаш верг ву 2001-чу шарахь Гезгмашин-беттан 11-хь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна дуьхьал теракташ вовшахтоьхнарг хила мега аьлла шеко йллуш лаьцна волу Халид Шейх Мохьаммед.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG