ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь пхи нохчо лаьцна. ДаIишца уьйраш хиларх шеконаш ю царах


Шинарин дийнахь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло (СГБ) хаам бина, Iуьйранна ПIаьнказан чIожехь дIаяьхьначу леринчу операцехь пхи нохчо лацарх, Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана байIат дина ву аьлла. Урхаллан хаамехь чIагIдо, шеконаш эгнарш, жимахволчун 18 шо ду, воккхахволчун -20 шо, "террорхойн могIарх дIа а кхетта, Шема дIабаха гIерташ хилла" аьлла, цигарчу тIамехь дакъалаца.

Оцу юкъанна, организацин цхьахволчу куьйгалхочунна хьалха "байIат деш дIаязйина видео"яржийна "дуьненаюкъарчу тероризмаца боьзначу нахалахь".

"Террорхойн оцу тобанехьа шаьш дуй диллина хоуьйтуш, шаьш дIасалелачу хенахь церан символш лелош хилла цара", - аьлла ду СГБ-н дIахьедарехь.

Бехкзуламан гIуллакх айдина Гуьржийчоьнан Зуламан кодексан 327-чу артиклехь "Террорхойн тобанехь латтар".

Лецначийн гергарчара дIахьедина журналисташка, Гуьржийчоьнан СГБ-но харцдерг кхоьллина, терроризмца гIуллакх догIуш хилла боцчу "маьршачу кегийчу нахах" лаьцна аьлла.

Шемахь тIемаш беш ву ПIаьнказара схьаваьлла Шишани Муслим (Маргошвили Мурад). "Джунуд аш-Шам" тобанан урхалла деш ву иза. Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто 2014-чу шарахь дуьйна санкцешна буха вахийтина иза.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG