ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийнн экс-президент Саакашвили реанимацехь вуьсуш ву: иза кхетам чуьра ваьллера мацалла хьоьгучу 49-чу дийнахь  


Саакашвили Михаил
Саакашвили Михаил

Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашвили Михаил дехьаваьккхина реанимаце, набахтин дарбан хIусамехь адвокташца цхьаьнакхеттачу хенахь догмалделла кхетам чуьра ваьллачул тIаьхьа, яздо "Эхо Кавказа" сайто, лор-реаниматолог йолчу Килиптари Гуликона тIе а тевжаш.

"Цхьа кIеззиг реанимацин мероприятеш йинчул тIаьхьа цуьнгара хьал меттадеъна", - аьлла цо.

Лоьро дийцарехь, карарчу хенахь Саакашвили кхетам чохь ву, жоьпаш луш ву лоьраша лучу хаттаршна. Иза цкъачунна вуьсуш ву дарбан хIусаман реанимацин декъехь.

Кхетам чуьра ваьлла хилла политик, цуьнан адвоката Басилая Бекас дийцарехь, араваьккхира лоьраша барамна тIехь.

"Медицинин мах хадалур бац соьга, амма из вуно вочу хьолехь вара", - дIахьедина цо.

Килиптарис хаам бина, ша кхайкхийна говзанча ю, Гуьржийчоьнан хиллачу президентана вон хуьлуш набахтин дарбанан хIусамехь "ларамаза нисйеллера" ша аьлла.

Саакашвили Михаил 2021-чу шеран ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна латтош ву Рустави гIаларчу колонехь, оцу дийнахь дуьйна мацалла хьегар кхайкхийна цо. Лахьанан-беттан 8-хь Саакашвили дехьаваьккхира набахтин дарбан хIусаме. Гуьржийчоьнан экс-президентан адвокаташа латкъам бинчу Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело кхайкхам бина цуьнга, мацалла хьегар сацаде аьлла, доларчу клинике дехьаваккха ша бохуш политика доьхучунна гIортор а ца еш.

Саакашвилина гIортор еш мацалла хьоьгуш ву гуьржийн парламентан 10 депутат а, "Цхьааллин къоман болам" партин лидерех цхьа а.

Лахьанан-беттан 13-чу дийнахь Тбилисехь митинг хилира Саакашвилин агIончийн. Оппозици тIера ца йолу политик хьийзор политикан амал йолуш ду бохучунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG