Гуьржийчохь дIадирзина меттигерчу харжамашкахь кхажтасар – харжамийн каппаш дIачIаьгIна 20 сахьт даьлча. Коьртачу харжамийн комиссино официалан жамIаш зорбане дахале, яккхийн телекомпанеш тIаьхьакхиа гIерташ ю харжамийн жамIаш муха ду бохучунна, экзитполийн жамIашца – кхаж тесна арабовлучу харжамхошка хаттарш дина хIоттийна терахьаш, хаам бо "Новости-Грузия" сайто.
Свобода Радионо бинчу хаамца, Iедалехьа йолчу "Имеди" телекомпанино бинчу талламца, Iедалехь йолу "Гуьржийн сатийсам" парти хьалхаяьлла йоьдуш ю. Ткъа оппозицин "Формула" а, "Мтавари" а шина компанино бинчу хаамца, оппозицино цхьаьнатоьхча алсам кхаьжнаш гулдина Iедалехь йолчу партино гулбинчул а.
Гуьржийчоьнан премьер-министра Гарибашвили Ираклийс дIахьедина, болчу хаамашца, шен парти "Гуьржийн сатийсам" а, цуьнан кандидаташ а, дикка хьалха а бовлуш, тоьлаш бу аьлла. Изза дуьйцу Маршо Радион Гуьржийн сервисан корреспонденташа а.
Гуьржийчоьнан зорбан гIирсаша харжамийн каппаш дIачIаьгIначул тIаьхьа зорбане даьхначу талламан жамIашца Саакашвили Михаила куьйгалла дон Цхьааллин халкъан боламан тIахьабисар дац "Гуьржин сатийсам" партина масех процент а бен.
Харжамийн жамIаш дар дIадоьдуш ду, цундела кхажтасаран терахьаш хийцадала а мега.