ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн дозанехь кавказхошца харцо лелорна дуьхьал пикет хилла Тбилисехь


Тбилисера пикетан декъашхой
Тбилисера пикетан декъашхой

Масех иттаннашкахь Паьнказан чIожера нохчий бевллера Тбилисехь пикете, ницкъахойн репрессех а, мобилизацих а бевдда богIу шайн махкахой пачхьалкхе чубитар тIедожош Гуьржийчоьнан Iедалхошна.

Акцин цхьахволчу декъашхочо Борчашвили Мохьмада боху, гуьржийн дозанхоша "хIуьтаренаш лелайо чуоьхучаьрца": "Тхо кхеташ дац, вайн Iедалша парггIат оьрсий стенна чубуьту, ткъа Къилбаседа Кавказерчу нахана дуьхьало хIунда йо? Дагестанхойн, нохчийн, ГIебарта-Балкхаройчоьнан бахархойн, кхинболчийн йиш яц Оьрсийчу юхабаха. Уьш мобилизаци кIел нислур бу, нах байа хьовсор бу уьш, украинхой байъа. ХIунда? Украинхоша нохчашна дина вон ма дац".

Тбилисера пикет
Тбилисера пикет

Бергман ву аьллачу волонтеро дийцира, де хьалха Оьрсийчоьнан а, гуьржийн а нейтралан дозанехь буьсучу нохчашна гуманитаран гIо кхачийра ша "Вайфонд" ассоциацин цIарах: "Оха йоьлху машенаш сеца а йеш, дехарш дора нахе тхан махкахошна юург чохь йолу тIоьрмигаш дIакхачадахьара бохуш, хIунда аьлча, нейтралан асанехь юхкуш хIуммаъ яц, йа хIусам а яц, дехьабовлийтталц чохь хан яккха".

Акци вовшахтоьхнера Pankisinfo инициативан тобано – цуьнан волонтераш цхьанакхеттера, Оьрсийчуьра арабовла аьтто баьлла махкахой тIеэцархьама.

  • БIенашкахь Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера, ГIебарта-Балкхаройчуьра бахархой Гуьржийчу кхача таро йоцуш биссира- дуьйцуш бахьана а доцуш, царна дуьхьало йо дозанхоша. Гуьржийн Iедалхоша хьолах лаьцна луш комментарий яц. Кавказ.Реалиино къамел динера царех пачхьалкха чу ца битинчу цхьаболчаьрца.
  • Къилбаседа ХIирийчохь лаккхарчу кечаман раж юкъаялийна – цо доза детта республике чуйогIучу автотранспортана. Цул совнах, регионе чувоьдучохь а, Оьрсийчоьнан а, гуьржийн а дозанерчу Верхний Ларс ККП-на тIекхочучохь а болх беш хир ю мобилан оперативан тобанаш - цара талламаш бийр бу, республике богIу нах мобилизацина тIекхийкха хан йолуш буй.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG