Iедалехь йолу "Гуьржийн сатийсам" парти толам боккхуш ю Гуьржийчохь хиллачу меттигерчу Iедалан харжамашкахь. Цунах лаьцна хаам бина Харжамийн коьртачу комиссино, 40 процент харжамхойн кхаьжнаш дагардинчул тIаьхьа.
"Гуьржийн сатийсамо" гулдина 48,5 сов процент кхаьжнаш. ШолгIачу меттехь ю "Цхьааллин къоман болам" парти. Хилла волчу президентан Саакашвили Михаилан партина шайн кхаьжнаш дIаделла 31 сов процент харжамхоша. Лидерех кхоалгIачу меттехь ю премьер-министр хиллачу Гахария Георгийн "Гуьржичоьнна" парти. Цуьнгахьа кхаж тесна 7 гергга процент харжамийн каппашка баьхкинчу наха. Ерриг а бюллетенашна тIехь ю 50 парти.
Тбилисин мэран харжамашкахь хьалхаваьлла воьдуш ву "Гуьржийн сатийсам" партин векал Каладзе Каха – 45 сов процент кхаьжнаш. ШолгIачу меттехь ву Мелия Никанор. Саакашвилин партин векало гулдина 34 сов процент харжамхойн кхаьжнаш. КхоалгIа ву Гахарий Георгий. Цуьнгахьа бу 9 процент харжамхойн кхаьжнаш. Толам баккха кандидатана оьшу 50 сов процент кхаьжнаш. Иза ца хилахь дIахьура бу харжамийн шолгIа мур.
Цул сов, 50 процент сов харжамашкахь кхаьжнаш гулдан аьтто ца баьлла цхьана а кандидатан мэр хоржуш кхин а Гуьржийчоьнан яккхийчерах йолчу 4 гIалахь – Батумехь а, Кутаисехь а, Потехь а, Руставехь а.
Харжамхой кхаж таса бахкаран терахь ду 52 гергга процент. Вуьшта аьлча – 1 миллион 800 сов эзар харжамхо.
Гуьржийн оппозицино хьалхо дIахьединера, ГIадужу-беттан 2-хь хилла харжамаш лара мегар ду референдум санна а аьлла. Цуьнца а догIуш, нагахь "Гуьржийн сатийсам" партино 43 процентал а лахара кхаьжнаш гулдахь, махкахь хенал хьалха дIабахьа безаш бу парламентан харжамаш.
И биллам дакъа дара Гуьржийчоь политикан кризисах хьалхаяккха бинчу бертан. И документ тIеэцнера кхушара бIаьста, юкъарло лелош Евробарт а болуш.
Саакашвили Михаилан "Цхьааллин къоман болам" парти еххачу хенахь дуьхьал яра и барт бан. "Гуьржийн сатийсам" парти юкъараелира хиллачу бертана. Гурахь экс-президентан партино дIахьедира ша барт бан реза хиларх лаьцна, амма "Гуьржийн сатийсам" партино дIахьедира, шаьш шайн сацам хуьйцур бац аьлла.
Саакашвилис а, цуьнан накъосташа а кхайкхам бина шайн агIончашка митинге арадовла Тбилисехь кIиранан дийнахь, ГIадужу-беттан 3-чу дийнахь аьлла.
ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь Саакашвили Михаил Гуьржийчуь веара Украинера, цигахь тIаьххьара масех шо даьккхинчул тIаьхьа. Тбилисехь экс-президент, дIа а лаьцна, набахти чувоьллина. Цигахь цо дIахьедира мацалла хьегар.
Хилла президент, дуьхьал а воцуш, Гуьржийчохь шозза хан тоьхна ву 3 шо а, 6 шо а набахтехь даккха. Цунна бехке диллинарг ду шена даржо лучу бакъонел тIехвалар.
Саакашвилин украинахойн махкалла ду. 2020-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь дуьйна политик ву Украинин реформаш кхошчушйон къоман комитетан куьйгалхочун даржехь.
Киево хаийтина шаьш Саакашвилина оьшуш йолу гIортор йийр хилар. Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, Киеван а, Тбилисин а юкъаметтигаш йоьзна хила ца еза цхьана стагах аьлла.