ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьйранна эскаре гIуллакхдан кхойкху омра кечдина Кадыровн администрацино


Соьлжа-ГIалара тIеман парад
Соьлжа-ГIалара тIеман парад

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан администрацино низаман проект кечйина, "арме кхойкхучу комиссин коьрта а, резервехь долчу а декъана" гуьйранна мобилизаци йеш. ТIекхойкхур болуш бу 1995-2004-чуй шерашкара бахархой, аьлла ду 24 агIонех лаьттачу документа тIехь (Кавказ.Реалиин редакцихь ду и).

Проектаца а догIуш, мобилизацин кампани йолалур ю гIадужу-беттан 1-чохь, дIаяхлур йолуш ю шо чекхдаллалц. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIедуьллур ду, къехкашберш гучу а бохуш, тIеман коммисариаташка уьш дIакхачон. Оцу гIуллакхна "ресурсаш кечъе" аьлла, кхаьчначу рекомедацех лаьцна хаамбина урхаллин структурашкарчу Кавказ.Реалиин хьасташа.

Гезгамашин-беттан 14-чохь кечдина ду документ, йоллу Оьрсийчоьнан регионаша мобилизаци дIакхайкхон еза, Оьрсийчоьнан эскаршна гIо дан аьлла, Кадыров Рамзана дIахьедар динчу юкъанна. Цо бахарехь, Украинерчу "спецоперацих тIом хилла дуккха а хан ю".

Оцу юкъанна, Нохчийчуьра зорбанан министро дIахьедира, Украинерчу хьолаца "цхьана а агIор доьзна дац тIекхайкхар" - хIора шарахь планехь хуьлуш йолу мобилизаци ю хIара. "Цуьнца доьзна и делахь а, вайна хIуммаъ вониг ца го цуьнца",- тIетуьйхира министро.

ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчуьра эскаре кхойкхучарна хIоттийна квота 500 стагал лакха йолуш яц. Дукхахболу арме бохуьйтурш буьссу Нохчийчохь гIуллакхдан, ткъа 2018-чу шаре кхаччалц схьа Нохчийчуьра кхечу регионашка эскаре вуьгуш цхьа а вацара.

  • Дуьххьара нохчий армех бигаран истори йирзира 2001-2002-чу шерашкахь, эпсаршца даим а девнаш латтарна. Хьалал юург эшар, ламаз дан лаар, командирийн омранаш кхочушдан дуьхьало яр, шайца цхьана болчаьрца конфликташ латтор – оцу дерригено а нохчий цIа берзийра. ТIеман дакъошкахь бунташ гIитточарна дуьхьалдаьхна бехктакхаман гIуллакхаш, тIаьхьо юхадехира.
  • 16 шарахь ца буьгуш латтийначул тIаьхьа, Нохчийчохь дуьххьара армех бигира 2018-чу шарахь. ХIетахь сацамбира республикера 70 жимстаг Къилбан тIеман гонашка эскаран гIуллакхдан хьажон: Майкопе, Буьри-ГIала, Волгограде, аннекси йинчу Севастополе а.
  • Къилбаседа ХIирийчуьра 900 эскархочо дуьзира Оьрсийчоьнан Герздолу Ницкъийн могIурш 2020-чу шеран бIаьста.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG