ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Gulagu.net проектан авторо дIахьедина, набахтешкахь ницкъбарх 40 Гб видео кхаьчна шега аьлла


Бакъоларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира дIахьедина, Оьрсийчуьрчу колонешкахь тутмакхашна тIехь лелочу шогачу къизаллех къайлахчу сервисийн (ФСБ) "къайлаха" йолу видеоархив кхаьчна шега аьлла. Юьйцург ю шовзткъа сов гигабайташкахь йолу видео.

Осечкина дийцарехь, цара "тоьшалла до", кураторийн тIедахкаршца тутмакхашна ницкъ беш, уьш хьийзош болчу ФСБ-н а, Федеран таIзарш кхочушдечу урхаллан (ФСИН) агентийн "зондеркомандаш" оьрсийн набахтешкахь лелаш хиларх. Цул совнаха, яьккхинчу видеокомпроматца оцу нахана вербовка йо кхин дIа а "ницкъбаран конвейерехь"дакъалацийтархьама, мотт боьттуйтуш, хьалха дуьйна талламхоша кечдинчу кехаташна куьйгаш а яздойтуш.

Архивера дуьххьарлера видео зорбане яьккхира "Вот так" цIе йолчу гIирсо, цу тIехь набахтин камерех тера йолчу хIусамчохь маьнгех вихкина стаг хьийзаво масийттаммо. ЧIагIдо, и хилам стохка Чиллан-баттахь дIаязбина бу бохуш.

"Медиазоне" (арахьарчу агентийн могIаре яьккхина ресурс)кхачийна бакъоларъяран проекто кхо видео.

Ишта ресурсо яздо, видеоархив Осечкинан кара муха кхаьчна а. Gulagu.net кхоьллинчо бахарехь, цуьнан коллегийн аьтто баьллера, пхеа шерачохь ФСИН-н цхьахйолчу набахтехь хан яьккхина Оьрсийчуьра цхьа стаг араваккха. Осечкина ца юьйцу цуьнан цIе, амма билгалдаьккхина иза программист хилар, юьхьанца "етташ, Iазап хьегийтина цуьнга, цул тIаьхьа говзанча иза хиларе терра цунах пайдаэцна". Иштта аьтто хилла цуьнан 2018-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц хьукматан компьютершна а, видеорегистраторшна а тIекхача.

Осечкина бахарехь, видеоархив хьакхалуш ю Владимирскан а, Саратовн а, Иркутскан а кIоштарчу ФСИН-н кхаа белхахочух.
Gulagu.net проект вовшахтоьхначо чIагIдарца, 200 сов стаг чекхваьлла Iазапех а, амма видео тIехь дIаязвина царех балахьегна 40.

Gulagu.net бакъоларъяран проект кхоьллина Осечкин Владимира 2011-чу шарахь. Цуьнан белхахоша Iалашйора тутмакхийн бакъонаш, ишта кеста-кеста зорбане йоккхура колонехь ницкъбарх информаци.

Кху шеран Товбеца-баттахь, ФСИН-н а, ФСБ-н а тIедилларца, Gulagu.net сайт дIакъевлира. Осечкина дIахьедира, проекто шен болх кхин а дIа а бийр бу, амма боллу шайн белхахой, церан кхерамзалла Iалашъярхьама, Оьрсийчуьра ара а баьхна аьлла. Ша а дIавахара иза Оьрсийчуьра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG