ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЮНЕСКО тIедожийна оьрсийн журналистна динчу тIелатаран талламбар


Журналист Андрущенко Николай
Журналист Андрущенко Николай

ЮНЕСКО-н директора Бокова Иринас Оьрсийчоьнан Iедал кхойкху, муьлш бу цахуучу наха Петарбухахь тIелатар даран бахьанашца веллачу журналистан Андрущенко Николайн хьокъехь талламаш дIабахьахьаре. «Новый Петербург» газетан редакторна дина тIелатар «маьрша шен ойла мел хазочу журналистна дуьхьал дина ду» аьлла шен дIахьедарехь Бокова Иринас.

Зазадоккхучу беттан 10-чу дийнахь дарбан цIийне кхачийна 73 шо долу Андрущенко кхелхина кхаарийдийнахь. ХIинца а муьлш бу ца къаьстинчу наха йиттина, коьртан хье а лазийна, кхетамехь а воцуш, новкъахь Iуьллуш карийнера журналист.

«Новый Петербург» газетан коьрта редактора Усов Дениса бахарехь, коррупцица къийсам гIалин Iедалша ледара латтош хиларх Андрущенкос артиклаш арахецарца доьзна хила тарло цунна дина тIелатар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG