ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хадархой дукха лелорна бехкбаьккхина Кадыровс хьаькамашкара


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Меттигерчу хьаькамашкара бехкаш даьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана балхаца доьзна доцчу гIуллакхе шаьш боьлхуш а цара шайн хадархойх тIехсов пайдаэцарна. Цунах лаьцна цо дIахьедина тIаьххьара мехкан урхалхошца хиллачу кхеташонехь.

Мегар ду аьлла регионалан куьйгалхочо, нагахь санна, ша маса тIекхайкхина вогIуш велахь. Цо бахарехь, тIаккха гIаличохь некъаш къовларх а хIума дац – "ГАИ-н белхаочуьнга телефон тоьхчхьана".

"Нагахь санна, республикехь оццул хадархой лелон шу декхаре делахь, шу дерриш а оьшуш ма ца хуьлу тIаккха. Махкахь кхерамзалла латтош шу делахь, шуна оьшуш ма бац хадархой а, улло бевлла нах а",- боху Кадыровс меттигерчу ницкъахошка.

Оцу юкъанна, Кавказ.Реалиино хаамбира, Кадыров Рамзанан меттигерчу бахархошца хиллачу цхьанакхетарашкахь язйинчу видеош тIехь, дуккхаъ а болчу хадархоша нахах ларво иза. Редакцица къамелдинчара дийцира, Кадыров вогIур волу меттиг, масех сахьт хьалха гоне йерзайо йоккхачу радиусехь аьлла.

  • Шен куьйгакIел болчу ницкъахойх а цхьаьна Кадыров тIехсов ларлуш хиларх дийцира «Новая газетан» талламан турпалхочо, Кадыровн цIарахчу полкан хиллачу лакхара сержанто Гезмахмаев Сулеймана. Кадыров схьакхачале эскархойн табелан герзан гIутакхчуьра патармаш схьадохуш хиллера.
  • Соьлжа-ГIалахь суьрташ дохучу заманчохь хадархоша Кадыровна уллохь нисбелла нах юьстахтекхабора. Ткъа ловзаргахь хелхавуьйлу Кадыров берех «кIелхьарваккха» юкъахьаьддера нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад
  • Ша Кадыровс а, цунна муьтIахь йолчу медиа гIирсаша а кест-кеста билгалдоккху, цуьнан урамашкахь волавалар а, вилспетахь хехкавалар а уллохь хадархой боцуш ца хуьлу, вуьшта машенийн ковра хуьлу хьаькам дIасалелош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG