ПIераскан буса, Дечкен-беттан 14-хь, хакерша атака йина Украинин Iедалан а, ткъа иштта цхьайолчу министраллийн а сайташна, шайна юкъахь арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайт а йолуш. ТIелатар дина пачхьалкхан гIуллакхийн сайтана а.
Зуламхоша кхайкхамаш дIахIиттийна оцу сайташкахь украинахойн а, оьрсийн а, полякийн а маттахь, бахархойх лаьцна хаамаш интернетехь баржийна аьлла.
"Берриг а шоьх лаьцна хаамаш гуш-хезаш бу хIу хинца, кхера, ладоьгIуш хила вон хин долучуьнга. Иза бекхам бу шуна дIадаханчунна а, карарчунна а, хиндолчунна а. Волыньна дуьхьал, ОУН УПА-на дуьхьал*, Галицина дуьхьал, Полесьена а, ткъа иштта историн латтанашна а дуьхьал", —аьлла ду текстехь.
Цхьана а хакерийн тобано цкъачунна шена тIе цалаьцна атака яр. Таллам дIахьуш ю Украинин кхерамазаллин а, киберполицин а Сервис. Украинин кхерамазаллин сервисехь "Настоящее время" телеканале дIахьедина, атака ярх бахархойх лаьцна хаамаш лечкъо аьтто цабаьлла аьлла.
Стохка ГIуран-бутт чекхболуш The New York Times газето хаам бира, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатиййн Iедалш шеко йолуш ду, Оьрсийчоь кибератака кечйеш хила мега аьлла, Украинин пачхьалкхан органашна а, энергетикан машина а, Дечкен-беттан 7-хь даздеш долу Iийса Пайхамар винаде даздар дIадирзинчул тIаьхьа. ХIетахь хаам бира, Американ Цхьаьнатоьхначу Шататаша а, Британино а Киеве говзанчаш хьажийна хиларх лаьцна, атакаш юхатоха.
*ОУН – Украинахойн националистийн вовшахтохаралла, йихкина ю Оьрсийчохь. УПА – Украинахойн гIаттамхойн арми, йихкина ю Оьрсийчохь. Оьрсийчоьнан низамаша тIежийна зорбан гIирсашна иза билгалдаккхар.