ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Халкъан даьIахкаш дIасайаржош йу". "ЦIечу ирзера" Лукашенкон резиденцих дуьйцу чергазаша


ЦIечу ирзера Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран тайнигаш йухку туька
ЦIечу ирзера Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран тайнигаш йухку туька

"Красная Поляна" олучу курортан эвлара Сочин кIоштахь резиденци йу йеш Беларусин авторитаран лидерна Лукашенко Александрна лерина. Дуккха а чергазой Османан импери дIа а кхалхош, XIX-чу бIешерийн Кавказан тIом хилале хьалха Сочи а, цуьнан гонахе а оцу халкъан дукха заманахь дуьйна хиллачу латтанийн дакъа дара. Чергазойн жигархоша дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцига, оцу дозана тIехь шахьара йеш хилар муха тIеийцира.

Лукашенкон резиденцихь элитан кхоъ коттедж, хьешан цIа, байссейнаш, рестаранан комплекс а, шале а хир йу, аьлла ду беларусхойн хиллачу ницкъахоша вовшахтоьхначу BelPol тобано а, "Белсат" телеканало а бинчу талламехь. Оцу латтанан барам бу 97 000 сов квадратан метарш, Беларусин меттиг йара и 2013-чу шарера схьа дуьйна, билгалдоккху журналисташа.

Проектан мах хадабо 50 миллион долларшкахь, базарара ЦIечу Ирзенан мах бу 100 миллион долларш. Оцу йукъанна,талламхошна карадаьхкинчу бертан кехаташца а догIуш, тоххара "Беларусь" пачхьалкхан санаторийн долахь хилла и меттиг Оьрсийчоьнан компанина йоьхкира Лукашенкон тIедилларца, базарахь болчу мехал а 20-зза лахара.

Импери а, колони а

Культурин а, историн а доккха маьIна долуш йу чергазашна Сочи а, Кавказан Iаьржачу хIордан йист а, бохура чергазойн историко, журналисто Кочесоко Мартина. Дуккха а чергазой Османан импери дIа а кхалхош, XIX-чу бIешерийн Кавказан тIом хилале хьалха Сочи а, цуьнан гонахе а чергазойн историн латтанийн дакъа дара, билгалдаьккхира цо.

Кавказ схьатохар чIогIа маьIне дара Оьрсийчоьнан империна таханалерачу Краснодаран кIоштан дозанехула Iаьржачу хIорде кхача йиш хиларна, бохура Кочесокос: И латтанаш шайн хилийта лууш йара импери, амма цигахь бехаш чергазой бара кхечу культурица, кхечу социалан структурица. ТIаккха империн хийтира, чергазошна интеграци йойла дац, цундела сацам бира, цигахь тоххара дуьйна даьхначу халкъах латтанаш дIацIандан деза аьлла".

Кавказан тIом бирзинчул тIаьхьа оцу латтанаш тIехь тоххара дуьйна даьхна адам кIезиг дара, боху "Чергазойн конгресс" боламан куьйгалхочо Кик Касес. Цуьнан зерашца, класскикан империхь колоница хилча санна бу Iедалхой чергазошна хетачуьнца, цундела Оьрсийчохь Лукашенкон резиденци йарна дуьхьало йинехь а, чергазошна хетарг тергал дийр дацара Оьрсийчохь.

Цкъачунна боллу чергазойн реакци лаххара йу, хIунда аьлча диаспорехь оцу хиламах лаьцна кхин дIоггара хууш а дац, аьлла хета чергазойн Халкъашна йукъара кхеташонан куьйгалхочунна Йогар Иядна: "Оцу латтанийн ширачу хенара схьа дуьйна долахой чергазой хилар Оьрсийчоьно тергоне ца оьцу: Оьрсийчоьнан империн кхетамехь церан цхьана а кепара бакъонаш йац. Паччахьийн заманара схьа дуьйна йолайелла хIара политика, тIаккха Советан заманахь лелийра и, ткъа хIинца – Оьрсийчоьнан Федерацихь. Доцца аьлча: Черкеси чергазой а боцуш. Оьрсийчоьно геноцид йина, къомехь цIано йина, бертаза халкъана депортаци а йина".

Кремлан йукъархо

Сочин кIоштара латтанаш – Оьрсийчоьнан олигархашна виллаш, дачанаш йен дагайоьхна меттиг йу, ишта Путинан а, билгалдаьккхира гуьржийн Рондели Фондан Iилманан белхахочо Квахадзе Александра. Оцу кIоштахь Лукашенкона шахьар йар цецвийла хIума дац бохура цо.

ХIаллакдинчу къоман даьIахкаш дIаса а хьоькхуш, цу меттахь хьалайеш йу

Лукошенокна резидениц йарх хаам реза боцуш тIеоьцу чергазоша, делахь а, цхьа йаккхий дуьхьалонаш йийр йу аьлла сатуьйсийла дац: "И хила тарлора масех шо хьалха, масала, Сочихь Олимпиадин ловзарш хIитточу муьрехь. ХIетахьлерачу заманца доьзча тамаш бу-кх чергазой дуьхьал бовлахь. Цул совнах, оцу информаицно а кхин башха реакци ца гIаттийра диаспорехь а".

Кочесоко Мартина карладоккху, 2014-чу шарахь Оьрсийчоьно Олимпиадин ловзарш дIахьочу хенахь, доллу дуьненара чергазой дуьхьал буьйлура: "Эхь-бехкаца аьлча, сийсазалла йу хIара. ХIаллакдинчу къоман даьIахкаш дIаса а хьоькхуш, цу меттахь хьалайеш йу".

Меттигерчу историга а, культуре а ларам цахилар санна хьесап дойла йу Лукашенкона резиденци йар элира анониман чергазойн жигархочо. Халкъо лайна дуккха а бохамаш хиллачул тIаьхьа харцо лелайо аьлла ойла кхин а тIе чIагIло, дийцира цо.

"ЛартIахьчу пачхьалкхехь иштачу мехалчу ширачу меттигашкахь гIишлошъйар дийцаредан дезаш ду интерес йолчу шина а агIонца, меттигера чергазойн йукъараллаша а дакъалоцуш. Тоххара-м петици йоло а йиш йара, ткъа хIинца итт шо тухур ду, и дахь. Цундела пачхьалкха чохь протесташ хир йац. Амма уьш цахиларх, хуьлуш долчуьнца тхан бала бац бохург дац", - дерзийра къамелдчео.

  • Чергазойн къоман-йукъараллин векалшна жоьпаш кхечира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире шаьш дахьийтинчу хеттаршна. Цара дехнера 2023-чу шеран йуьххьехь Туркойчохь мохкбегийча зенаш хиллачу адыгашна махкалла далар аттачу даккхахьара аьлла. Лелаш долчу низамашца уьш Оьрсийчуьра бахархойн махкахой бу, хIунда аьлча, церан дай XIX-чу бIешерашкахь махках баххалц Кавказан Малхбузехь баьхна бу. Делахь а Оьрсийчоьнан арахьарчу министралло а, кхинйолчу урхаллаша а билгалдоккху чергазошна паспорташ лойла дац, ткъа 20 шарахь сов лелаш йолу репатриацин программа кехаташ тIехь йуьссуш йу.
  • Хьалхо коррупцица къийсам латтийначу Фондо дIахьедира ЦIечу Ирзехь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Iаьнан къайлах резиденци хаайаларх. Ши цIа а, вертолетан майда а, долара хьалаволийла а тIехь 20 гектар латта карийра Краснополянскан кIоштахь журналисташна 2021-чу шарахь. Документаш тIера йозанца "Газпром" компанин йара и меттиг, амма Путина цунах пайдаоьцу Iаьнан резиденцих санна, хаамбира ФБК-хь. Комплексан цIе йу Официалан нах тIеоьцу "Ачипсе" цIа аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG