ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Halloween" - нохчашна гергара а, генара а ламаст


ХIинжа-гIалахь буьйсанна болх бечу цхьана клубехь Малхбузерчу пачхьалкхашкахь даздеш долу ХIэллоуин даздан сацам бина аьлла, меттах яьлла Дагестанера юкъаралла. И мероприяти хир ю ГIадуж-беттан 27-чу (ПIерасканде) буса "Инфинити" олучу садоIучу хIусамехь.

Цунна хIинцале а цIе тиллина наха, «Иблисан синкъерам» аьлла. Ткъа иза вовшахтоьхначара кхайкхина сакъера лууш берш «зуламан а, Iаьржачу магин а синкъерам дIахьочу Iадоран а, беламан а» меттиге хьошалгIа.

Хууш ма хиллара, ХIэллоуин даздеш Iедал ду цхьацца ешапийн а, алмазийн а, иблисан а, шайтIан а кхин долчу а зуламаш лелочу ницкъийн духарш а духий.

Шайн республикехь цу тайпа синкъерам беш бу аьлла эргIадбахана бу Дагестанера бахархой, кIаьсттина диндай. Царах цхьаммо Буйнакскан маьждиган имамо Мухаммадов Iабдулкерима Маршо Радион корреспонденте элира, бусулба дино къобул еш йоцучу суьйренашка гуллуш буй хаьа шена кегийрхой, такъа кхузахь буьйцург «Иблисан синкъерам» бу, аьлла. Цунах лаьцна республикерчу муфтияте хаам бан дагахь а ву имам.

ХIэллоуин даздеш меттигаш яьхкина Дагестанехь хьалха а. Иштта самукъадаккхаро цхьанне а зулам ца дина, аьлла хета цу синкъерамехь хиллачерна.

Ткъа хуьлийла дуй и саннарг Нохчийчохь? И хаттар делира Маршо Радионо Нохчийчохь вехачу цхьана дешначу стаге (цуьнан цIе ца йоккху оха). Рузба дан маьждиге сихвелла воьдучу цо, дIоггара дукха ойла еш а ца Iаш, элира «ХIэллоуин дера ю хIара ерриг а, нохчийн дахар ду-кх ша ма дарра ХIэллоуин " аьлла.

Джамбеков ШаIрани Нохчийчохь университетехь нохчийн литература а, фолклор а хьоьхуш ву. Нохчийчохь хуьлийла дац ХIэллоуин даздар, бусалба дин вуно чIагIделла республикехь, элира цо.

Джамбеков: «Вайн ламасташца догIуш дац иза. Бусалба динца доьзна дерг ду хIинца (дерриг а), бусалба дин чIагIделла республикехь, цкъа а ца хиллачу кепехь. Массанхьа а хьехам бу хезаш».

Ширчу заманахь цу кепара даздар нохчаша лелийна хир ду бохург а шеконе дуьллу Джамбековс.

Джамбеков: "Дина аьлла а, лелийна аьлла а суна хезна хIума дац иза. ДIахерделла вай цунах. Ширчу заманахь бохург... вайн дукха хIума дIаяздина а дац. Вайн дешна нах ца хилар бахьанехь дайна вайн иза. Културан и дакъа дайна".

ТIаьххьалц туьтмIаьжигаш йоьхкина, я цхьа ша-тайпа духар доьхна нохчаша лелийнарг къоршкъули духар доьхна догIа дехар ду ала мегар дара.

"Къоршкъули хIара ю!

ДогIа лохьа, Дела!

ХIуьрта-буьрта, ши буьртиг,

Даттинчохь йоькаш,

Кехь-кехь кIентий,

Хьекъийла хьан баба! - бохуш лелла цхьаболчарна дагадогIу хир ду шаьш.

Амма иза ХIэллоуинца дуста хала ду. Делахь а, цу тайпа хьал даима а ца хилла Нохчийчохь. Руслан Алпатов Нохчийчохь вина а, кхиъна а ву. 1990-чу шерашкахь мьулхха а самукъадаккха аьтто хилча цунах пайда эца гIертара кегийрхой, бохуш вара иза. ХIэллоуин тIех ца далийтара ша а, шен накъосташа элира цо.

Алпатов: "1990-гIа шераш юккъедевлла доьлху хан ю иза. Ма дарра аьлча, иза ламасте дацара. Тхуна ингалс мотт хьоьхуш бара школехь. Мотт Iамийна ца Iаш, цхьаьнадетталора тхо ингалс мотт буьйцучу мехкашкахь долу тайп-тайпа дезденош даздан. Царна юкъахь дара ХIэллоуин.

ГIабакхаш оьций доьлхура тхо цига, цу гIабакхех коьртеш а деш, царна чохь картолийн чиркхаш а летош. Самукъане хилара".

ХIэллоуин кхузаманахьлера дезде ду, ширчу заманахь хIинца Британин йолчу терроритори тIехь баьхначу келтийн ламаст ду иза. Иза даздо ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь. ХIэллоуин даздо ингалс мотт буьйцучу пачхьалкхашкахь Европехь а, Iамеркехь а, официала кепара иза мукъа де дацахь а.

20 бIе шеран чакхенехь дуьйна ХIэллоуинан атрибутикан мода яьржина Европерчу кхечу пачхьалкхашкахь а, ткъа иштта Советан пачхьалкхана юкъахь республикаш хиллачу мехкашкахь а.

ХIэллоуин даздар дисина коьртачу декъана берашна тIехь. Ши-кхо де даьлча, кара тоьрмигаш а эцна, цхьацца туьйранийн духарш а доьхна, дуьйлалур ду уьш шаьш дехачу урамашкахула марзалш гулйеш. Цу агIор и сурт чIогIа тера хуьлу Нохчийчуьрчу бераша Марха достучу дийнахь лелочух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG