ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили верна бехкевечуьнан гергарчу стага тоьшаллаш дина кхелехь


Хангошвили Зелимха
Хангошвили Зелимха

Германин прокуратуро Хангошвили Зелимха вер хьокъехь кхел еш тоьшаллаш дан суьде валийнера В. Александр цIарца вовзийтина волу теш, яздо New lines magazine зорбан гIирсо. Иза ву Украинин вахархо, цо ша суьдехь ма аллара, стаг верна бехке вуш волчу Соколова-Красиков Вадиман (Хангошвили верна шеко йолуш лаьцначо чIагIдо ша Соколов Вадим ву бохуш, оццу хенахь Bellingcat тобано дакъа а лоцуш, талламхоша бинчу талламца иза вевзина Красиков Вадим санна) зудчуьнан йишин майра.

Тешана вевзира шен гергара стаг ловзаргахь а, цул тIаьхьа а даьхначу талламхоша гудлинчу дуккха а суьрташна тIехь. Тешо элира, шайн доьзалехь хьехадора Красиков Вадим "оьрсийн тIеман ницкъийн диверсийн тобанан декъашхо" хиларх лаьцна, амма шена ца хаьа биллгал муьлхачу декъехь иза хилла аьлла.

Тоьшаллаш дечунна вевзира Красиков тIаьхьарчу хенахь даьхначу суьрташна тIехь а, амма цо дIахьедира бехкевийриг хета шена 10 шо хьалха вевзаш хиллачул а 30 кила веза а, мелла а къена а аьлла.

Кхечарна юкъахь масех сурт гайтире суьдехь тешана, тIехь коч а йоцуш даьккхина долу, Красиковн дегӀан чкъураца диллина ши сурт а долуш: цхьаъ - текхарг пхьарса тIехь, важа – акхацицган корта аьтту агIор пхьарса, сихха реакцин тобан эблемах тера йолу. И дерриг суьрташ даийтина кхеле Украинин низамашлардон органаша.

Теш ша ларвала лууш ву, бохуш вара кхелехь, шена бекхам бан гIортарна, делахь а суьдхочо билгалдаьккхира иза ларван аьтто хир бу Германин территори тIехь, амма иза далур дац Украине иза юхавирзича аьлла.

  • 2019 шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза. цуьнан бехк толлуш йолийна кхел ю йоьдуш карарчу хенахь.
  • Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIо дина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.
  • "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хааманна комментари еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG