ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамех лаьцна дийца йукъаозийна Нохчийчохь "Къона кадыровхой"

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Iедалхошкахьа болчу "Къона кадыровхой" цIе йолчу боламна йукъара дешархой йукъаозийна мехкан бахархошна Оьрсийчоьнан парламенте хинболчу харжамех лаьцна дийца. Шаройн кIоштахь кехаташ дIасадекъна цара, меттигерчу харжамийн комиссино чIагIдарехь, "коьрта организацин хеттаршна" жоьпаш а делла.

Пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталло хаамбина и кхиазхой-дешархой харжамашна йукъаозорах лаьцна, цуьнан тергойина "Кавказский узел" хаамийн гIирсо.

Хьалхо харжамех лаьцна кехаташ даржадайтира ишта Краснодарерчу дешархошка а. ГIалин думин депутато Сафронов Александра дIахьедира, бераш харжамийн кампани йукъа ийзо мегаш дац аьлла. Ала догIу, формалехь цхьахволчу депутатана агитаци йеш а цаьрга дакъалацийта а бакъо йац низамехь.

  • Краснодаран махкахь ворхI дийнахь кхаьжнаш тосур бу Пачхьалкхан думе боьлхучу кандидаташна. И формат зийна Конституци тIехь тIетохарш дарх "гуьриг тIехь кхажтасар" дIахьочу заманчохь, и шардина дIалецначу дозанаш тIехь а, дозанашкарчу регионашкахь а. ТIеман хенахь харжамхойн кхерамзалла ларйеш ду шаьш аьлла, кхетийра цунах. Амма оцу сацаман критикаш тешна бу, фальсификацеш лелорхьама долийна хIума ду бохуш. Тхан редакцино теллира, Оьрсийчоьнан къилбехь электоралан леррина операцина кечам бар муха дIахьош ду.
XS
SM
MD
LG