ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Харцо иэсе йерзор". Нохчийчуьра школашна, берийн бошмашна байъинчу кадыровхойн цIераш тахкар


Устрада-ГIалара дешаран центра, Нохчийчоь. Гайтаман сурт
Устрада-ГIалара дешаран центра, Нохчийчоь. Гайтаман сурт

Нохчийчуьра школашкахь Украинехь беллачу кадыровхойн сийдеш, "сийлаллин аннаш", "сийлаллин партанаш" хIиттон йолийна. И барамаш федералан, регионан программашкахула болийна. Уьш йукъадахаран коьрта Iалашо – "турпалхойн сийдар" йу боху. Кавказ.Реалии сайто эксперташца динчу къамелехь теллира, берийн милитаризацин проблема а, цу берашна тахана "турпалхой" санна кхийдораш муьлш бу а листира.

Чиллин-беттан 23-хь Нохчийчуьрчу школашкахь оьрсийн "Даймохк ларбечийн дийнахь" "Турпалхочун парта" акци дIайаьхьира. И даздарш нисло нохчий а, гIалгIай а шайн махках баьхначу дийнахь – 1944 чу шарахь Сталина йинчу депортацица. Регионерчу школашкахь 38 парта хIоттийра. Цу партанаш тIехь тайп-тайпанчу шерашкахь баьхначу нохчийн эскархойн суьрташ ду, дIайазйина церан биографеш йу. Оьрсийчоьно Украиница тIом болийча дуьйна схьа "турпалхойн" могIаршкахь дIайазйина оккупацин тIамехь кхелхинчеран цIерш а йу.

Масала, Соьлжа-ГIаларчу №4 йолчу гимназина 2022-чу шарахь зазадоккху-беттан 12-хь Украинехь кхелхинчу Урузбиев Идрисан цIе йелла. Цул хьалха, 2014-чу шарахь Урузбиевс ГIирмина аннекси йеш а, Сирехь операцеш дIахьош а дакъалецира. Оьрсийчоьнан президенто йелла "Къонахаллин мидал" а йара цуьнан, "майралла а, доьналла а гойтуш, къахьегарна" аьлла.

Цу гимназица Урузбиевн цIе муха йоьзна йу ца хиира тхуна, директоро редакцино телефон тоьхча жоп ца делира. Иштта лахьан-баттахь Урузбиевн цIе тиллира Соьлжа-ГIалина йуккъехь йинчу керлачу №53 берийн бешана а.

Зазадоккху-беттан йуьххьехь Росгвардин урхаллин куьйгалхочун Делимханов Шарипан омраца, Гезлой-эвлахь а, Iаларахь а хIиттийра "сийлаллин аннаш" Украинехь кхелхинчу кадыровхошна лерина: "Ахмат" ОМОН-чу Юнаев Асхьабна а, Болтаев Хож-Баудинна а. "Къоман бакъболу кIентий", "мохк ларбархой", олуш йоху церан цIераш, бохуш чIагIдо ЧГТРК "Грозный" телехьожийло.

"Турпалхой" къайлабахьар

Цхьаболчу кадыровхойн баларех официалехь хууш хIума дацара. Церан цIераш цхьаццачу меттигашна тахка йолийча, церан нахе мидалаш дIайала Iедалхой буьйлабелча хиира уьш байъина хиларх. Ишта нисделира Дишни-Веданарчу Дебишев Казбекаца а, Мурадов Аслуддица а. Церан кхалхарх хаам стигалкъекъа-беттан 29-хь редакцин хьостанаша бира. Цушиннан тезеташкахь йуьртан администрацин куьйгалхо (йуьрт-да) Абдурзаков Алихан вара. Амма хаамийн офиициалан гIирсаша кхелхинчу кадыровхойх цхьа дош а ца элира.

Дебишеван кхалхар гезгмашан-баттахь Дишни-Веданарчу №2 школана цуьнан цIе туьллуш бен дага ца деара. Цу дийнахь цигахь вара дешаран министр Дааев Хож-Бауди, меттигерчу РОВД-н куьйгалхо Боршигов Абубакар, кхинболу хьаькамаш а.

Дебишев Казбек Дишни-Веданахь хьалха дикка вевзаш вара, 2000-чу шерийн йуьххьехь Веданан-кIоштан тIеман комендатурехь балхахь волчу йукъанна. Оппозицехь йолчу 1ADAT телеграм-канало дийцарехь, Iедална дуьхьала бевлла, гIаттамхошца уьйр латтош бу боху нах лечкъорца, хьийзорца, байъарца гIарваьлла вара Дебишев. 2005-чу шеран марсхьокху-баттахь Дебишев оьрсийн ницкъаллин структурашна болх беш хиларна тIемлоша цуьнан цIа дагийра.

Иштта, кху деношкахь Теркан кIоштарчу школехь а хIоттийна и тайпа "сийлаллин у". Росгвардин "Ахмат-1" ОМОН-ан белхало Завраев Iелина лерина дара иза. Цунах лаьцначу репортажехь Украинехь тIом барца кадыровхочо шен "къоман динан, культуран, ламастийн мехаллаш" ларйира, аьлла дIахьедира меттигерчу телехьожийло. И дерриге "хьуьнарш" бахьана долуш Завраевн гергарчаьрга цунна йогIу "Къонахаллин мидал" дIайелира.

Кадыровхочун цIе йелира Старогладовская №1 школерчу партана а – вуьйцург ву 2022-чу шарахь зазадоккху-беттан 29-хь Украинехь кхелхина Байгаджиев Юсуп. "ТIеман декхар дIалуш ша ца кхоорна" "Къонахаллин мидал" а йелира цунна. Кхин а ши "турпалхойн парта" дIахIоттийра Шелковской-кIоштан Гребенская эвларчу №4 школехь Алиев ИбрахIимна а, Берсанукаев Романна а лерина – церан биографеш хьахош йац.

"Дешархошна дагавогIу"

Лакхахьо йийцинчу школийн куьйгалхошца къамел дан хьаьжира Кавказ.Реалии сайтан корреспондент. Хаа лууш дерг – и тайпа акцеш муьлхачу Iалашонца дIахьош йу, дешархошна цу хьокъехь хIун хета? Старогладовская школан директорца Загибов Масхьудаца хилира къамел.

"Иза чIогIа дика кIант вара. Тхан йурт жима хиларе терра, тхо вовшашна дикка девза. Бераша дика тIеийци хIара хилам. Иза ша а ма вацара кхин воккха. Кхарна дикка дагавогIу иза," – дийцира Загибовс.

ЦхьамогIа психологашна хетарехь, бераш цу кепара милитаристийн тематикана йукъаийзор вочу агIора дерза тарло – бераш девне а, мохане а кхуьуш. Амма директоро Загибовс шена ишта ца хета элира.

"Кхузахь оха хьейеш йерг тIеман тематика ма йац. Тхан Iалашо - кхелхинчарца лараме хила а, эсехь уьш латто а хIорш Iамор йу. Масала, тхан школехь хIинца а "афганцийн" пен бу (Афганистанерчу тIамехь дакъалаьцнарш. – Ред. билг.). [Нохчийчохь хиллачу] шоллагIчу тIамехь кхелхинчу милцошна кечйина агIо а йу тхан дIатоьхна. Масех пен бу тхан иштта кечбина, хIара цхьаъ хилла ца Iа", – олу цо.

Харц патриоталла

Амма шен цIе ца йаккхахь, оцу кепара бараш йукъаийзош лелочу акцех шена хетарг довзуьйтур дара ша элира Нохчийчоьнан дешаран урхаллин белхалочо Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь.

"Берашкара бералла дIайоккхуш ду кхузара Iедал. ТIом базбарца а, бийцарца а къиза хила Iамош ду. И харц патриотизм церан кортош чу йоккхучул, эскархой беза а, тIом "дика гIуллкх" лара а Iамочул, цу берийн ойланаш дешарна, могушаллина, къоман дика кхиамаш хила лаарна тIеберзон безара", – билгалдоккху къамелдечо.

Iедало берийн бералла хIаллакйеш лаьтта, къиза мел дерг царна Iамош

Дерриге ахча а, таронаш а тIаме дIахьежош хиларна бераш кестта деша аьтто боцуш диса мега, боху дешаран министраллера белхалочо.

И "турпалхойн партанаш" хIиттош акци дIайаьхьначу регионера "Единая Россия" партин декъан пресс-белхахочо дуьззина къамел дан ша реза йоций схьахаийтира.

"Шуна бакъдерг дезахь, со цу кепарчу акцешкахь дакъалоцуш ца хилла. Цундела шуна жоп дала суна хуур дац. Эшахь, тхан сайтехь йу-кх цунах лаьцна информаци. И дерриге тIекхуьучу чкъуран синмехаллаш кхиорхьама, жимачу а, боккхачу а даймехкан (ишта олу меттигерчу Iедалхоша Нохчийчоьнах а, Оьрсийчоьнах а. – Ред. билг.) турпалхойн цIерш ца йицйайтархьама, дIахьош болх бу," – дийцира партин декъехь болучара.

Республикехь хIинцале а 118 и тайпа парта дIахIоттийна хиларх дIахьедира къамеле йаьллачо. Ткъа Iедалан "Грозный Информ" агенталлин хаамашка ладоьгIча, 2018-чу шарера дуьйна схьа иштта 212 парта хIоттийна.

И акцеш дIахьочара билгалдоккху, цу парташна хьалха охьахаа таро хинйерш уггар дика дешархой бу, "уггар дика кхиамаш гайтинарш". Кху шарахь, масала, и "къонахаллин урокаш", байташ йешаран къовсарш а хилла ца Iаш, дешархой хIолламашна а, аннашна а зезагаш дахка бигира. ТIедогIу "Мохк ларбархойн де " лоруш лелийнера и барамаш.

Таханлерчу Iедалхошна Нохчийчуьра бераш шайн хьежамашка дерзон лаар чIогIа тера ду мацах СССР-н хиллачу политикех, дуьйцу Европерчу нохчийн диаспоран жигархочо Сулумов ЯрагIис.

"70 шарахь советийн Iедало массанхьа дIадеттара и шайн иэсан аннаш, тохкура урамашна, гIаланашна а "турпалхойн" цIерш, йохура царех лаьцна кинош, хIиттайора спектакалш, йазйора книгаш. Эххар а хIун хилира царех? Эрна хьегна къа дайра церан. Харцо цхьаннан коча ца тасало. Дукха ца йеха иза. ХIара Iедал дохарца, ша лоппарг санна иккхина, довр ду кхара мел лелийнарш а", – аьлла хета цунна.

Къоман бакъболу турпалхой бицбар - цхьанна диктаторе дан делла хIума дац, тешна ву Сулумов, – "йа хIинца далур а дац".

Къоман бакъболу турпалхой бицбар - цхьанна диктаторе дан делла хIума дац

ЧIогIа ладаме ду Нохчийчуьра Iедална шайх терра тIаьхье кхиор, шаьш дIахIоттийна раж гала ца далийта, аьлла дийцира Европерчу нохчийн Ассамблейн куьйгалхочо Муртазалиев Аслана.

"И тайпа идеологи – имперхойн амалаш, тIекхуьучу чкъурашна тIеIаткъам беш лелош йу. Кхианза болчу царна харц патриотизм хьеха а, марзбан а атта ду, харц турпалхойн культ кхиорехь болх а беш. Баккхийчара шаьш лен дойтур бацара. Царна-м хаьара, "Кадыровн некъ" хIун йу а, ша Кадыров мила хилла а", – тIетуху къамелахочо.

Цо дийцарехь, Нохчийчохь долу Iедал харц истори йазйеш ду. "Лайн амалаш кхиор, ма-хуьллу шайн харцонехь лакха кховдар, лакха мел кхевди а, кхуьу зенаш. Ткъа зе дерриге халкъана хуьлу", – чекхдоккху Муртазалиевс.

***

Баккхийчу хийцамашца доладелира оьрсийн школашкахь дешаран керла шо. Украинехь боккха тIом болабарца боьзна бара уьш. Хьалха хIора кIирнахь цкъа берашка гимн локхуьйтура, байракхаш лелайора, "ладамечух къамелаш" дора. Ткъа хIинца тIекхеттарг ду – школашкахь, лаккхарчу доьшийлашкахь, берийн бошмашкахь Къилбан регионашкахь, Кавказехь бераш "росгвардихойн классашкахь" вовшахтухуш, патриоташ кхиоран лагершка хьежор.

  • Нохчийчоь цу "тIеман-патриотийн" берийн лагерийн центр хилла дIахIоьттина. Цигахь берашна Украинехь "оьрсийн эскарша бечу тIамах, церан майраллех" дуьйцу, царна герз лелон Iамадо, йаздо "Настоящее время" гIирсо. Лахьан-баттахь Шелан КIоштарчу "Горный ключ" центрехь дIайаьхьира "Сила Кавказа" цIе йолу "патриотийн смена". Цига балийра 200 бIе гергга Оьрсийчуьра хилла ца Iаш, Украинера оккупаци йинчу меттигашкара лечкъина бахкийна кхиазхой а.
  • Нохчийчуьра Iедало пачхьалкхан программехь баккхийра хийцамаш бина. Кегийрхой кхиорехь дIахьочу белхашца цхьаьна керлачу редакцехь билгалдаьккхина, берашна "тIеман кхетам луш" болх барна тидам тIеберзор. 2017-чу шарахь хиллачуьнга хьаьжча, хIинцалерчу кепехь керла хIума тIекхетта го – эскархоша школашна тIехь Iуналла дар. Йийцаре йехкинарш билггал муьлха школаш йу, буьйцурш муьлха эскархой бу - йаздина дац.
  • Устрада-ГIаларчу студенташ а, дешархой а схьа а гулбина, царна дийцира. Оьрсийчоь Украине чугIортаран "адекватан - хьежам" муха хила беза. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарш шайн ма-хуьллу гIиртира, нохчийн эскархой цу Украинехь хиларан бахьанаш дуьйцуш, уьш бехказабаха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG