ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаттам: Оьрсийчуьрчу "цIечу зонерчу" лоьрийн кхоалгӀачу декъо кийча ду боху шаьш балхара дIадовла


COVID-19 уьнца болчу нахана дарба лелочу цIечу зонехь болх бен лоьрийн доьалгӀа дакъа а, медйижарийн кхоалгIа дакъа а балхара дIабовла герга бу, гIелбаларна а, балха тIехь ницкъ хиларна а. "Коммерсанто" бина цунах лаьцна хаам, "Лоьран справочник" аппликацино медицинан белхахошкара психологин хьолах лаьцна бинчу хаттамна тIетевжина. Талламехь дакъалаьцна 2 822 стага, царах 90 процент лоьраш бу, яздо газето.

"ЦIечу зонера" 68 сов процент медико мукIарло дина, шайн куьйгалхошкара кест-кеста шайна хазарх: "Реза дацахь- балхара дIадовла". Хаттам бинчу 37 проценто деллачу жоьпашца, якхделачу церан проблемаш гIевттина могушаллица.

Лоьрашна хетарехь, бахархойн цаьрца йолу юкъаметтиг къаьстташ хийцаелла го пандеми йолаеллачу муьрехь хиллачьунца юьстича: гуттарчу авралехь медикаша бечу балхах дIабоьлла массо а, уьш хIинца турпалхой а ца хета, халачу хьелашкахь "цIечу зонашкахь" цара бен болх а цхьа хила дезарг санна тIелоцу. Оцу юкъанна 90 процент медикашшна хетарехь, церан хIоттар пациенташна тIехь декхало.

Коронавирусан инфекцица болчу нахаца болх бечу 23 процент лоьраша а, 19 процент кхечу агIонашкарчу медикаша а мукIарло дина, шаьш "гIора эшна хиларна, пациенташца шога" довларх. 8 проценто даредо, "пациентех дог лозуш цахиларх". Хаттам бинчу медикаша дIахьедо, шайн белхан хьелаш тодан лууш хиларх, балха тIехь бен ницкъ лахбан а, шайн говзалле юкъараллан ларам хила лаарх а.

Регионашна юкъарчу "Действие" профсоюзан куьйгалхочунна Коновал Андрейна хетарехь, хьалха а лаьттина проблемаш мелхо а чIагIйина пандемино: лахара алапаш, дарбан хIусамийн куьйгалхойн биэндацар, лоьран говзаллин сий цадар.

Оцу юкъанна, кхин тIе а хьал талхон факторш ю боху цо, бехкзуламан гIуллакхаш долорна кхерам, оьшу препараташ а йоцуш, цомгашчунна нийса дарба дарца хIуьтту проблемаш, даим а сов болх бар а.

Делахь а, "уггар а алсам лоьрашна синIаткъам бийриг" – вакцинаци еш болу нах кIезиг хилар ду боху Москварчу номер 52 йолчу дарбан цIийнан коьртачу лоьро Лысенко Марьянас.

Аннекси йина ГIирма а лерича, Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса ун даьлла хиларца билгалваьлла 40 402 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 уьнах велла 1 155 дархо, хаамбина инфекци ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу федералан оперативан штабо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG