Херсонан кIоштара юхабовлучу хенахь байинчу салтийн декъий дитина Росгвардин оперативан 96-чу полкан Хьалха-Мартанахь куп тоьхначу дакъо, хаамбина Украинан кхерамзаллин урхаллина (СБУ) тIетевжина, украинхойн телеграм-каналаша. Официалехь хIара информаци тIечIагIйина яц.
Украинхойн тIеман журналистан Цаплиенко Андрейн хаамашца, 94-гIа полк хиллера Бериславскан кIоштарчу Новая Каменка олучу эвлана тIехьа дIатарйина, амма декхаре хиллера юхабовла. ТIом бинчу аренца Iахка бисина байъинарш – билггал маса стаг ву хууш дац, "Оперативный ВСУ" телеграм-канало мах хадорца, "иттанашкахь" ду декъий. Хаамашкахь билгалдоккху, буьйцурш "кадыровхой" олу, нохчийн эскархой хиларх. Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалша оцу хаамна йина комментарий яц. Боьдучу тIеман хьелашкахь информаци зен аьтто бац.
Хьалхо Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедира, украинхойн армино кхин дIа а хьош ду Николаево-Криворожскан агIор тIелатар аьлла, цу юкъайогIу Новая Каменка а. Хьалха-Мартанара Росгвардин 94-гIа полк цигахь хилла аьлла, официалехь тоьшаллаш дац.
Хьалхо машанехь яржийра 94-чу полкера эскархочун Дятлов Владиславан телефонаца язйина видеош – цо дIаяздинера, Херсонан кIоштара дIатийсинчу цIеношкахь еза хIуманаш а, юург а лоьхуш. Дятлов вийнера гезгамашин-беттан 27-чохь кхин а масех эскархочуьнца цхьаьна. Веллачул тIаьхьа доьналлин Орден елира цунна.
Украинхойн агIоно хьалхо а бинера хаамаш тIемаш лаьттинчу аренашкахь Оьрсийчоьнан салтийн дитичу декъех лаьцна, царлахь нисвеллера иштта нохчийн эскархо а. Марсхьокху-баттахь девзира цигахь, Украинана дуьхьал тIемаш беш хиллачу Гуьржийчуьра схьаваьллачу нохчочун дакъа. Украинерчу блогеран Золкин Владимиран информацица, Борчашвили Мохьмад вара иза, ефрейторан чинехь хилла.
Украине чугIортар дуккха а Оьрсийчоьнан армина эшамаш а хуьлуш доладелча, церан декъий "буса а, жим-жима а дIалехьадора", чIагIдора Украинан СБУ-н векало. Шайн белла эскархой дIабахьа Оьрсийчоь лууш цахиларх дийцира зазадокху-бутт бовш президенто Зеленский Владимира а.
- Лахьан-беттан юьххьехь Украинан ВСУ-н Инарла штабехь дIахьедира, Лисичанскана тохар дича нохчийн "Ахмат" тIеман тобанан 30 сов эскархо вийна, 15 гергга лазийна бохуш. Ши де даьллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана и хаамаш "туьйранаш" ду элира. "Ахмат" лерринчу декъан командиро Алаудинов Аптис дIахьедира, мостагIчо дозаллица шьаш байъина бахаь а, оццул эскархой бан а бац, тIаьххьарчу деношкахь шайн декъехь эшамаш хилла а бац аьлла.
- ГIадужу-беттан 25-чу дийнахь украинхойн агIоно хаийтира Херсонан кIоштарчу Каиры эвларчу школана тохарш дарх .- цигахь яра Нохчийчуьра Росгвардин мехкадаьттан комплексан гIишлош Iалашъечу "Нефтеполк" олучу полицин полкан штаб. Хаамбора 30 валарх а, бIе лазорах а. ХIетахь Кадыровс бакъдира хилларг – цо дIахьедира, 23 верах а, 58 стагана чевнаш ярх а, царех виъ чIогIа лазорах.
- Кавказ.Реалиина хууш, Нохчийчуьра 140 вахархо велла – и терахь масийттазза лакхара ду официалехь кхайкхийначул а: "Кавказский узел" гIирсан зерашца, гIадужу-беттан 14-чохь Iедалхоша тIечIагIдина 29 стаг валар.