ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Херсонна герггахь кадыровхойн а, бурятийн а герзаш кхийсарх хаамбина Украинан тIеман министралло


Ukraine, Mariupol. Members of the SOBR "Akhmat".
Ukraine, Mariupol. Members of the SOBR "Akhmat".

Оьрсийн эскарша гоне ерзийначу Украинан Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь герзаш диттина Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Цунах лаьцна хаамбина Украинан тIеман министраллан иччархойн коьртачу урхалло (ГУР).

"Шина къомана юкъахь дов даларан бахьанаш ду буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а. ТIаьххьарнаш цкъа а хуьлуш бац тIеман хьалхарчу позицешкахь, "заградотрядаш" санна, тIехьа буьсу. Церан Iалашо ю – кафирийн дакъош жигара дахар. И бохург ду, юхавала гIертачунна тIе герз тохар", - аьлла ду Украинан тIеман министраллан ГУР-н официалан телеграм-каналехь бинчу хаамехь яздина.

ШолгIа бахьана ду аьлла, къоладина хIума нийса ца екъар, Нохчийчуьрчу бIахоша дIадоьхура доккхаха долу дакъа.

Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Оьрсийчоьнан агрессих Украина Iалашъечу нохчийн шайн лаамехь вовшахкхеттачу дакъойн цхьахволчу эскархочо (Нохчийчохь буьсучу шен гергарчарна бекхам барна кхоьруш, цо дийхира шен цIе ца йовзийтар) дийцира, кадырохвошна а, кхечу регионашкарчу оккупанташна а юкъахь конфликташ кест-кеста хуьлуш хиларх а, къоладинчунна тIехула еккъа "Оьрсийчоьнан регионашкарчу" контрактхойх вовшахтоьхначу дакъошна юкъахь а девнаш нисдаларх.

Украинехь тIемаш боьлхучу дозана тIехь волчу украинхойн "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо, профессоро Савва Михаила а тIечIагIйира Кавказ.Реалиина и информаци – кхечу Оьрсийчоьнан эскархошна а, кадыровхошна а юкъахь дуьххьара конфликт цахилар.

"Зазадокху-беттан юьххьехь хаам баьржира, Нохчийчуьра дакъош кхечу дакъошна гергахь заградотрядаш санна ду аьлла. Къегина масал дара, Киевн кIоштахь иттанаш сов чевнаш йина Оьрсийчоьнан эскархой кадыровхоша байар, царна эвакуаци цаярхьама. Цхьа могIа меттигашкахь боьлхучу тIемашкахь кадыровхойн дакъош хуьлуш дац, оцу кепара къестамаш баро гамо кхуллу цаьргахьа Оьрсийчуьрчу кхечу тобанхойн", - билгалдаьккхина профессоро Саввас.

Оьрсийчоьнан эскарехь кест-кеста хуьлу проблемаш гучуяхар ду хуьлу конфликташ, официалехь къомах йолу герзашца вовшахтоьхна тобанаш яц, амма контрактхой вовшахтохар шайн регионашкахь хиларна вовшахъетташ ю нохчийн, бурятийн, кхин долчу къаьмнийн вовшахтохараллаш.

Украинана динчу тIелатарехь дакъалоцучу Нохчийчуьрчу эскархойх велла бIе гергга бIахо, Зазадокху-беттан 13-чохь Соьлжа-ГIала юхабаьхкира бисинарш. Украинан кхерамзаллин сервисо дира цунах лаьцна дIахьедар.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву миллион долларшкахь мах бала (Оьрсийчоьнан Коьртачу банкан официалан барамца – 73 миллион сом, официалехь йоцчу курсаца – 90 сов) Дудаев ДжовхIаран а Шейх Мансуран а цIарахчу украинхойн батальонийн буьйранчаш – Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болчу меттигах хаам бинчунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG