ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь вина Австрин вахархо Гуьржийчу ца витина


Кутаисин аэропорт, архивера сурт
Кутаисин аэропорт, архивера сурт

Шен къоман билгалонца Гуьржийчоьнан пачхьалкхан дозанехула чекх ца валийтина ша бохуш, чIагIдо Дагестанерчу ХIинжа-ГIалахь винчу Австрин вахархочо.

Юсуф (цIе хийцина) шен хIусамненаца а, ворхI бераца а хилла, жимахдолчу беран бархI бутт бу. Цо чIагIдо, Кутаисин аэропортехь дозанхоша чу вита дуьхьало йира шена, дуьненчу ваьлла меттиг паспорт тIехь, шен хIусамненан а санна, ХIинжа-ГIала хиларца. Ткъа Венехь динчу кхеран берашна, церан кехаташка хьалха хьоьвсинера, мухIар тоьхнера чу буьтуш, хаамбо SOVA гIирсо.

Юсуфан дешнашца, цуьнан паспорта тIехь вина меттиг къаьстинчул тIаьхьа, кхин а тIе кехаташ дийхира цара.

"Хьешан хIусамехь совцарх тоьшаллин кехат а, юхадахка билеташ а дийхира. Уьш тхоьгахь дацара. Тбилисихь сайн вешица цхьанакхета везаш вара со, юхадахка де тIаьхьо билгалдоккхур ду аьлла Iийнера тхо. ТIехула тIе суна хууш дацара хьалхарчу буса со Кутаисехь соцур ву йа Тбилиси дIагIур ву. Дагестанера вогIу ваша ларвеш вара со, некъ, шуна ма-хаъара, ханна дIакъевлина бара", - далийна хаамийн гIирсо Юсуфан дешнаш.

Пачхьалкхе чу ца бита официалехь хIоттийначу тептарехь 14 хила тарлу бахьана ду. Юсуфна дуьхьалояр "Гуьржийчоьнан низамашца магийна кхин бахьанаш" аьллачу тептарера дара. Пачхьалкхе ца буьтучу нахана дуьхьал дохучух уггар даьржинчех а, шайна хуушшехь, къаьстина доцчу бахьанех ду иза.

  • Гуьржийн дозанхоша, дуьйцуш бахьанаш а доцуш, дуьхьалонаш йо Къилбаседа Кавказерчу бахархошна шайн пачхьалкхе бахка бохуш, аьрзнаш кест-кеста кхочу. Царех цхьаболчара чIагIдо, пачхьалкхехь къайлах бина сацам бу Нохчийчуьра а ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а бахархой чу ца бита. Гуьржийчоьнан Iедалхоша оцу кепара бехкам хилар бакъ ца до.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG