Украинерчу тIаме кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал шолгIачу дийне яьллачу ХIинжа-ГIаларчу дуьхьалонан акцихь, Кавказ.Реалиин тайп-тайпанчу хьастйин хаамашца, хIинцале а 110 стаг лаьцна, царех 28 – кхиазхой бу.
Гезгмашин беттан 26-чу суьйранна полицино дIасабохийра протестхой. Лецнарш доккхачу декъанна Советский кIоштан полицин декъехь бу, цигахь лаьтташ бу церан гергарнаш. Мел лахара а цхьана йоIана йиттина лоцучу хенахь – цунах лаьцна "Черновике" дийцина полицин декъе еанчу цуьнан йишас.
Нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран хаамашца, полисхойн декъехь "Крепость" раж ю кхайкхийна – лецначарна тIе ца буьту адвокаташ.
Чохь сецочарлахь ву – диабет йолу стаг а, протестхой гулбеллачу Оьрсийн театрана гена доццучохь тIехволуш хиллера иза, дуьйцу "ОВД-Инфос". Оьшуш долу инсулин а дац цуьнгахь, делахь а, полицин белхахоша жоп делла цуьнан доттагIчунна, "пхи сахьт даьлча" и стаг дIахоьцур ву аьлла.
Иштта къаьстина, дукха хан йоццуш лаьцна хилла журналист Мурадов Мурад полицира Iуьйранна бен маьрша ца ваьккхинийла, цунна тIе а ца витинера адвокат. Iедалхошца дага а ца бовлуш йинчу митингехь дакъалацарна протокол хIоттийнера цуьнан хьокъехь, цунна куьйгъяздан дуьхьал хиллера иза. Лоцучу заманчохь Мурадовгара дIадаьккхина журналист хиларх бакъонан кехат юха далаза ду. Иштта цуьнгара схьаяьккхинера телефон а, билггал хууш дац телефон юхайеллий а.
Мурадовс дийцина "Черновике", полицин белхахоша кхерамаш туьйсура мобилизаци йийр ю бохуш - "церан стоьлтIехь цхьа туп тIекхойкхуш кечдина кехеташ дара, цIе тIеязйичхьана". Оцу юкъанна, журналистана а гуш, кехата тIе цхьаннан цIе бен ца язйира. Иштта лецначеран психикана Iаткъам бора, протестан акцишкахь кхин дакъалоцур дац аьллачу кехаташна куьйгаш яздайтира цаьрга.
- Гезгамашин-беттан 26-чохь ХIинжа-ГIалахь а, Хасав-Юьртахь а бIеннашкахь адам Украинаца болийначу тIамна тIехула кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал протестан акцишка араделира. Къаьсттина дукха нах бара ХIинжа-ГIалахь - масех бIеннашкахь стаг. Иштта къаьстина Хасав-Юьртахь нах лецарх а – 20 гергга бу уьш.
- Гезгамашин-беттан 25-чохь ХIинжа-ГIалахь дIаяьхьира ша-шаха гIаттийна митинг Украинерчу тIаме кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал, дакъалоцуш бара зударий а. Лаьцнера 120 ца кхоччуш стаг. БархIанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш айдина.
- Хьалхо гезгамашин-беттан 25-чохь Хасав-Юьртан кIоштара Эндирей эвлахь меттигера бахархой мобилизацина дуьхьал протесте бевлира. Машанашкахь зорбане яьхначу видеош тIехь гайтарца, бIе сов стага дакъалаьцна цигахь, полицино хIаваэ герзаш диттира.
- Иштта гезгамашин-беттан 25-чохь Нальчикера Iедалхойн ЦIенна хьалхарчу майданахь ткъех зуда вовшхкхийтира, Украинерчу тIаме хьийсо кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал.
- Президенто Путина гезгамашин-беттан 2I-чохь мобилизаци кхайкхийра, юкъ-кара хир ю аьлла. Iедалхоша дIахьедира, эскаран гIуллакхех чекхваьлла, тIемашкахь дакъалаьцна зеделларг долу 300 эзар резервехь болу нах эскарехь вовшахтоха Iалашо хиларх. Мобилизацих долчу официалан омрана тIехь яздина дац и чIагIдарш, цундела иза дIахьочу хьалхарчу деношкхаь дуьйна кеп-кепарчу регионашкара хаамаш кхочура дIакхайкхийна дозанаш дохош хиларх. Зорбанан гIирсийн хаамашца, миллион сов вахархо Украинаца болчу тIаме хьажон Iалашо ю Iедалхойн.