ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчуьрчу Даргавсера маьлхан кешнаш. Дайн чалхех – чимтосург


Даргавера некрополь
Даргавера некрополь

Оьрсийчоьнан хазанийн могIара язйинчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу Даргавсерчу маьлхан кешнашка хьийса туристаш алсам мел оьху а, жигардаьлла уьш хIаллакдар. Дайн чалхаш оцу къизачу, саьхьарчу адамех муха Iалашъялур ю боху гIайгIа лаьтта меттигерчу Iедалхошкахь, юкъархошкахь, историкашкахь. Цхьаболучара, кешнаш дIакъовла, тIебоьлху некъаш бехка, боху, кхечара уьш иштта Iалашдалур дац, чIагIдо.

Ларамза ден зуламаш?

Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векалто дийцира Кавказ.Реалиига, шайн урхалла кху тIаьххьарчу шина шера чохь масийттазза гIоьртина "Беллачийн декъеш а, кешнаш а сийсаздарна" олучу бехкаца туристаш жоьпе озо, аьлла – 40 эзар сом гIуда кхачадо низамо, я - набахтехь баккха кхо бутт. Амма цкъачунна цхьа а сийсазло къар ца ян елла, "хала ду зулам леррина дина хиларх долу тоьшалла каро", боху Iедалхоша.

Кешнашна дира зен талла хIоьттира полици дуьххьара 2019-чу шеран аьхка, Пятигорскерчу 18 шо долчу вахархочо шен социалан машанерчу агIоне "Беллачийн юьртарчу" коьртан туьтин сурт хIоттийча. Оццу шеран Мангал-баттахь иштта сурт даржийра шайн аккаунташкахула кхечу туристаша а. Цхьана Р. Натальяс туьтан фотосесси яржийра машанехь, масех кIира даьлча Москвара турист Тюпа Вероника елира маьлхан коша чу, араяьккхира бIешерашкахь Iиллина адаман дIаьхк.

Кхаа а зуламхочо элира полисхошка, шайн ца моьттура шаьш кешнаш сийсаздо

ХIираша дехха дов латтийра зуламхошца. Пятигорскерчу жимчу стага видео арахийцира нахе шена къинтIерабовлар доьхуш, ткъа туриста Натальяс дIакъовлира социалаш машанера шен агIо. КхалгIачо, Тюпа Вероникас. Шена халахетта оццул дукха шех лаьцна инстаграмехула вониг аларна, ша "доггах къинтIерабовлар доьху меттигерчу бахархошка", аьлла яздира. Кхаа а зуламхочо элира полисхошка, шайн ца моьттура шаьш кешнаш сийсаздо, шайн цигара дIаьхкаш баккъал а адамийн юйла ца хаьара, гонаха яздина а дацара оцу хьокъехь, бохура. Амма уьш харц лоь - "Беллачийн юьртанна" гонах дIатоьхна лаьтта информацин йоза-хаамаш.

Къилбаседа ХIирийчуьра адмийн бакъонийн урхаллахочунна Цгоев Тамерлан хетарехь кешнаш хIаллакдар юхадер ду, "нагахь санна зуламхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш айдахь".

"Кху беттан юьххьехь дина кхин а цхьа зулам, ас дехна буьззина таллам дIабахьар, цкъачунна жоп ца делла суна. Туристашна гайта йиллина латториг и цхьа некрополь яц кху дIьнентIехь. Дагалацал аш Мисарара пирамидаш. Низам лардар ду вайна оьшург. Бакъо яц туристийн кешнийн баннашна чубийла, кхузахь баьхначу нехан чалхаш дIасаидо, лайкаш лехьорхьама церан суьрташ даха. Оцу кешнаша дикка ахча гулдойту туристашкара, лартIахь инфраструктура кхолла еза цигахь", – элира Цгоевс.

Кешнашна чухьоьжийла дехка деза

Маьлхан кешнаш Къоман музейн урхаллехь ду, цунна масех некъ го уьш Iалашдан, элира Кавказ.Реалиига республикан культуран министраллехь.

"ХIора кошан чоьнан бертте дечка духьалонаш хIиттор ю оха. Уьш йолуш яра хьалха, мурйоьллачух тера ду, я яйна. Кечъеш ю керланаш. Оцу балханна федералан бюджетера ахча хьашт дац, музей ша ларайо. Камераш ю кешнашка хIиттийна, амма белхалоша буц ягош йохийна хиллачух тера ду. Тойина уьш. Цкъачунна ши хехо бен вац, амма кхин а схьаоьцур бу. ХIинцачул тIаьхьа ши-кхо турист ша вохуьйтур вац кешнашка хьажа, яккхийчу тобанашкахь хьуьйсуьйтур бу нах. Ткъа кешнийн куьпахь гидаш а, хехой а хир бу", – бохура культуран министраллин векало.

Мангал-баттахь кешнашка хьийса богIучаьргара гулдина 800 эзар сом

"ХIирийн Лакхарчу кхеташонан" ("Стыр Ныхас") кегийрхойн декъан лидера Газзаев Валерийс дийцира Кавказ.Реалиига ша кешнашна ден зулам тидамехь латтош хиларх лаьцна. Оьрсийчоьнан низамаша кешнаш дIакъовла магош дацахь, цигахь ха мукъане а деза чIагIдан, аьлла хета цунна.

"Шина хехочунна тIе кхин а ши хехо балха оьцур ву тхоьга боху ду массийтта шо. Туристех ах бен ца кхочу кешнашка гидашца цхьаьна. ТIаьххьара цигахь динчу зуламо гойту кешнашкахь наггахь бен хадеш а доцийла. Мангал-баттахь кешнашка хьийса богIучаьргара гулдина 800 эзар сом, аьлла ду культуран министраллин документаш: чуволучу хIора стагера доккху итт туьма. Оцу ахчанах, стигала спутникаш а хецна, лардойла дара кешнаш", – тешна ву Газзаев.

Юкъархочунна Пухаев Аликна гарехь, "адамаш терра йолу туризм латтайойла дац кешнийн чоьнаш дуьхьалонашца дIакъовллалц, гонаха керт хIоттолц, гидаш, хехой балха эццалц".

Шуна лаьий беллачу шайн гергарчийн кешнаш чу нах хьежийта?

Кешнаш чухьийса туристашна аьтто беш, чекх сагуш йолу дуьхьалонаш хIиттор ю, кхин духьалонаш хIиттор ю бохург нийса ца хета историн Iилманийн кандидатна, Ширачу заман мехаллийн музейн директорна Мамиев Аланна.

"Хаттар ду сан, кешнашна чубийла туристашна дуьхьалоеш, дечка дуьхьалонаш а ца хIиттош – уьш ярал хьалха – чекх сагуш ерг хIиттор тоьлу аьлла хетачаьрга: шуна лаьий беллачу шайн гергарчийн кешнаш чу нах хьежийта? Мехах, боху ас. Суна-м ца го башхалла коша чу хьежийтарна а, цу чу нах бийлийтарна а юкъахь. Ткъа хьежа йиш хуьлуьйтуш хилча, стенна ца мегаш ду даIаьхкийн суьрташ даха а, туьтанаш караэца а? Иза а, иза а ю акхаралла. Со цецвуьйлу, кешнаш дIакъовла деза я ца деза, бохуш, къовсам гIатторах а", – боху Iилманчас.

Коьртан туьтанах – чимтосург?

ХIирийчохь ун даьржича, доьзалш лаххьалой маьлхан кешнашна чубийша дIабоьлхуш хилла, и кешнаш цуннна хIиттийна бохург туьйра ду аьлла хета историкна Мамиев Аланна. Кешнашна "Беллачийн юрт" цIетиллар а, цаьрга хьийсийта, Даргавс туризман хазнашка язъяр а харцо лору цо.

"Даьржина лелаш ун а долуш, гIишлош ца йо наха. Оццул дукха къинхьегам а, гIирс а оьшурш-м муххале а. Хила тарло, уьно хьовзийна стаг наггахь цига вала воьдуш, шен гергарчаьрга ун дIа ца кхачон, амма иза баьржина лелла болам бац, маьлхан кешнаш ун бахьанехь ца кхоьллина дайша", – чIагIдо Мамиевс.

Историка дийцарехь, маьлхан кешнаш хIитто долийна 8-9 бIешо хьалха. Шуьйрра даьржина уьш дар 17-18-чу бIешерашкахь. Оцу тIаьххьарчу заманара ду Даргавсера кешнаш а. БIаьвнаш йоттар а, маьлхан кешнаш хIиттор а цхьана хенашца догIу, боху цо. Цунна гарехь, маьлхан кешнаш даржар теллина а дац Iилмано, адамаш дIадерзош и тайпа кешнаш дар 19-чу бIешеран юьххьехь сецна. Оццу хенашкахь хIираша шайн белларш хилла лаьтте берзош а, "тIулган беттанаш" чу дIатарбеш а.

"Дечкан неI хIиттош хилла маьлхан кошан берте, чухьежар къехьа лоруш хилла. Ишта неIарш дийна йисина а ду кешнаш. НеIарш мурйоьлла, дIаевлла, амма коша чу а буьйлуш, адамийн чалхаш кегор оьзда доцург ду, эхье ду, акхаралла ю", – дIахьедо музейн директора.

ХIора коша чуьра чалхаш ю дIасакегийна, дIасакхехьна

Даргавсера кешнаш теллина археологаша дIадахначу бIешеран 60-гIа шераш доьрзуш. Адамийн чалхашца цхьаьна церан духар а, царна пхьегIаш, кхийолу хIуманаш юьтуш хилла, ца хилла цаьрца мехала хIуманаш. Цхьаерш музейхь ю, цхьаерш наха дIасакхехьна маьлхан кешнаш чуьра, дийцира Мамиевс.

"Меттигаш ю, кешнаш чуьра туьтанаш дIа а кхоьхьуш, царех чимтосурш йина, дозаллина. ХIора коша чуьра чалхаш ю дIасакегийна, дIасакхехьна. ХIора каш – иза берриг доьзална лаьттина ду, иттаннашкахь декъий тардеш хилла цхьана коша чу. 95 маьлхан каш ду Даргавсехь, эзарнашкахь хуьлу беллачийн декъеш. ТIехьаьжча а го оццул чалхаш хIинца йисина яцар. НеIарш йоьхначул тIаьхьа лечкъийна кешнаш чуьра даьIахкаш. Дукха хан йоцуш нах кхерош йолу фильм яккха гIоьртира цигахь, дагадогIу-кх шуна, наха ца магийтира", – дагалоьцу Мамиевс.

Даргавсера маьлхан кешнаш уггаре даккхийчех ду Кавказехь. И санна долу кешнаш кхин а ду Къилбаседа ХIирийчохь. Амма цкъачунна дац уьш туристийн некъашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG