ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиллачу цIийндегара бераш схьадаьхначу Дагестанерчу яхархочо дIахьедо, цо шена йиттина бохуш


Церетилова Нина
Церетилова Нина

Шен берашна коронавирусан тесташ яйта лоьрашца цхьана еанчу Дагестанерчу яхархочунна Церетилова Нинина йиттина Буйнакскехь. Кавказ.Реалии порталан корреспонденте Церетиловас дийцарехь, цуьнан хилла хIусамда Церетилов Мохьмад тIелеттера цунна. Церетиловас бахарехь, кхунах тасавеллачу берийн дас лами тIера чуяийтина иза. Коьрта тIехь гематома ю цуьнан, дегIа тIехь чевнаш ю.

Цул тIаьхьа, кхуьнан шина кIантана Мухтарна а, ИбрахIимна а ган а гуш, Церетилован хилла марзхой а кочабаьхкина цунна.

"Масийтта шарахь сан цIийнда хиллачо схьа ца луш, гулделлачу алименташна тIехула бехкзуламан гIуллакх луьстуш селхана кхел хила езаш яра. Кхеташо дIатоьтту хIинца пхоьалгIа, хIунда аьлча, Церетилов кхеле вогIуш вац цхьацца бахьанашца. Селхана цуьнан цIарах веанчо дIахьедира, Мохьмад ковид кхетта ву аьлла. Низамашца суо берийн векал хиларе терра, цаьарга хьажа яханера со", - хаам бина Церетиловас.

Церетилова Нинас полици кхайкхина, цаьрга дIахаийтинера тIелатарх. Буйнакскерчу полисхошка Нинин хиллачу мардас, Церетилов Ахьмада, латкъам барца, цуьнан хиллачу несо йитина цунна. Лоьраш балош веанчу шоферо а, дерриг гуш хиллачу лулахочо а дуьхьало йина тешаш хIитта.

  • Ден бакъонашна доза тоьхначу шен хиллачу хIусамдегара кхо бер дIадига аьтто ца хилира Церетилова Нинин психолог а, пурстоьпаш а, берашна тIехь Iуналла дечу хьукматан белхахой а цхьана боллушехь байначу беттан 30-чохь. Церетиловас бахарехь, пурстоьпаша гIо ца дина цунна бераш схьадохугш, мелхо а новкъарло йина.
  • Кху шеран Охан-баттахь Дагестанан Лакхарчу кхело бераш ненаца хила деза аьлла, къастам бинера. Амма воккхахволу цхьа кIант бен дIавуьгийла ца хилира цуьнан. ТIаьхьо вайначу кхиазхочо дийцинера, шена деца виса лаьа аьлла.
  • Товбеца-бутт юккъе баьллачу хенахь кхело дозанаш диттира Церетилов Мохьмадан ден бакъонашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG